Царнаевн адвокташа доьхучунна реза бац прокурораш

Царнаев ЖовхIарна тIехь кхел яр кхечу гIала дехьадаккахьара аьлла кхайкхм бина суьде цуьнан адвокташа. Стохка Охан-баттахь теракт хиллачу Бостонехь, озабезам а ца беш, нийсонца кхел ян бехккъасторхой каро аьтто хир бац аьлла хета царна.

Адвокаташна хетарехь, Царнаевн г1уллакхах лаьцна нийса ца дийцира меттигерчу зорбанан гIирсаша. Амма Бостонера Федаралан прокуратура реза яц кхел кхечанхьа дехьаяккхийта. Прокурораша кхайкхам бина суьде, Царнаевн адвокаташа дина дехар юхатохахьара аьлла. Царнаев ЖовхIаран адвокатийн дехарца Бостонехь дIабаьхьнера леррина таллам. Цуьнца а догIуш, 58 процент цу гIалин бахархой цхьа а шеко а йоцуш тешна бу иза бехке хиларх.

Бостонера марафонехь ши эккхийтар а дина вийра 3 стаг, 264 стаганна чевнаш хиллера.