Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Бостонехь лелхийтарш дарна бехкевеш, кхеле валийначу нохчочун Царнаев ЖовхIаран адвокаташа дехна суьдхошка дов листар юкъахдаккхар. Цара чIагIдо, бехккъасторхой хоржуш низам талхийна. Хаьржинчу нахалахь афро-америкахой а, къаной а бацар дуьллу адвокаташа кхелана бехке.