Путинан "перлаш" ю юха а йийцарехь

Путин Владимира ша, шена лиича, Кэскаршна омра а дина, Киев шина кIиранах йоккхур яра, аьлла, дийцаредо дуьнено. Цо иза алар хенаца деъна, Донбассерчу сепаратисташа, шайна оьрсех лаьтта керла гIо кхаьчча, Украинан эскаршна даккхий дараш дарца.

Италерчу «Ла Република» газето довзуьйту даржера дIавоьдучу Европан комиссин президента Баррозу Жозе Мануэла оршотдийнахь аьлларг. «Сайна лаахь, шина кIиранах Киев дIалоцур ю ас», элира Путина, аьлла, даржийна Баррозус.

Массех де хьалха Европан Берто Оьрсийчоьнна дуьхьал кхин а санкцеш хIиттон еза, цо Украинан тIамца тIеIаткъам беш хиларна хIинца а, аьлла, динчу дIахьедарна жоп луш санна аьлла Путин Владимира ша аьлларг.

Амма шинарий дийнахь оьрсийн президентан арахьарчу политикехула гIоьнча волчу Ушаков Юрийс дIахьедарехь, Путина динцу къамела юкъара, маьIна а дохош, схьаэцна, даржийна цо аьлла бохуш дуьйцург. «Цо динчу къамелан кхин маьIна дара», боху Ушаковс.