Обама: Эстони Iалашйийр ю Iамерко

Эстонина, Атлантикан альясна юкъабогIучу Балтерчу кхин мехкашна а санна, кхерамзалла латтор ю Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа, тоьшалла дина президента Обама Барака. Иза цо элира Эстоне шен вар дерзош, цигарчу президентца Ильвес Тоомасца цхьаьна пресс-конференци луш. «Оьрсийчоьно агресси йина Украине», бохура Обмаса, амма «Эстони кхерамна хьалха ша юьсур яц», аьлла, тIе а тухуш.

Украинерчу конфликтехь Оьрсийчоьно гайтина НАТО тIеман кхерамна дуьхьал ца лаьттича ца йолийла, элира Обамас. «Оьрсийчоь Украинана тIелатаро хоуьйту Атлантикан альяс билггал шен махкахь ца лаьттича ца йолийла, бохура Эстонин президента Ильвеса а. Цунна хетарехь, Оьрсийчоь декхаре ю ша кризисан декъашхо хиларх даре дина, иза ерзош гIулч яккха.