«Духаре хьажжий, тIе а эца, хьекъале хьажжий, новкъа а ваккха» бохучу кицанан маьIна тIаьххьарчу шерашкахь хийцаделла. «Духаре хьожжий, тIе а оьцу, цуьнга хьожжий новкъа а воккху», амма я бакъ дуьнена, я Дарбанан цIийне.
Нохчийчьра зударий сингаттамехь ца беха. Кест-кеста церан дог-ойла айъеш, юкъайоккху керл-керла «мода».
2010-чу шарахь юкъаелира нохчийн зуда оьздангаллин гурашка ерзош мода. ДIахьединера, чу-арайолу зудчантIехь -коьртахь хила деза, мас хIулъеш, тиллина йовлакх, цул совнаха хьиджаб лелор кхин а мехала а лоруш. Дукхахболчара тIеийцира керла барзакъ, я лаамца делахь а, я кхерамца хиллехь а. И доьзна дара, схьадийцарехь,нохчийн довш долу гIиллакх-оьздангалла меттахIоттон лерина.
Пачхьалкхан белхашкахь болчу зударшна дихкира белхан метта коьртахь йовлакх доцуш бахкар. Цул тIаьхьа и керла «мода» дIакхачийра школашка, институташка, берийн бошмашка. Амма кIеззиг бацара цу ницкъалла тIедожийначу духарца лачбевлларш а. Делахь а, цаьрца къийсаме бовла а ницкъ карийра Нохчийчоьнан ницкъаллин структурашкара яхь йолчу «иччархошна- снайпершна».
Дийнан делккъахь, цхьаннах ийза а ца луш, Путинан цIарах йолчу проспектехь, коьртахь йовлакх доцу зудабераш лоьхуш, царна бекхам бора цара - хIоъ-молханан метта, басар тоьпачу а дуьттуш нийсалла коьртах, тIера бедарех детташ: «оьзда хила, хьайн коьрта йовлакх тилла», бохуш, маьхьарий а бетташ. Ши-кхоъ зудабер, лазийна, дарбанан цIийне а кхачийна, бохуш, дуьйцура хIетахь.
Iедалан даржехь болчу хьаькамийн аьтту хилира, царна хетарехь, хила безачу гурашка зударий берзон.
Цул тIаьхьа, кхо шо зама а яьлла. Ткъа тахана юха а керла «мода» тIеэцна, бохуш, Ватс Апп олучу а, кхин а бес-бесара интернетан гIирсашца кара-кара оьцуш, дIасакхехьуьйтуш ю Нохчийчоьнан куьйгалхочо бинчу кхайкхаман видео.
Адамийн психико а ловр бац ишта тIеIаткъам, бохуш, елхаран къурдаш а деш дуьйцу Соьлжа-ГIалин берийн бешан белхахочо Саидова Луизас.
-
Your browser doesn’t support HTML5
Беза хилла хьалха заманчохь, зудчан коьртара йовлакхан мах. Зудчо, дехар деш, коьртара хIума яккхар кхин а деза хилла. Хийла кечделла зулам сецна, хийла баттара яьккхина шаьлта юханехьа батта йиллийтина зудчо довхошна юкъа кхоьссинчу йовлакхо.
Вовшашна чухьаьвдда, оьгIазалло бIарзбина нах, коьртара хIума яьккхина зуда гича, кхидIа дов ца деш, совцаран маьIна иштта хилла: зудчо коьртара йовлакх даккхар тамашена, доккха хIума ду, иза цхьа йоккха киртиг тIе ца хIоьттича дан йиш йолуш а дац; цундела и зуда оццул чIогIа холча а хIоттийна, шаьш лелориг ма-ледара хIума ду, олий, совцуш хилла уьш, цуьнга йовлакх сихха дIатиллийта.
Ткъа тахана-м, поэтессас Гайтукаева Банас ма-яздарра, йовлакх схьа а даьккхина, цу юкъа зудчо шен дог кхоссахь а, иза а хьошур ду. Яхь йолчу къонахийн зама хилла иза, гарехь.
Хьиджабашца тIом бу тахана Нохчийчохь боьдуш. Юьйцуш яц, нагахь зуда а адам белахь, цуьнан адмаллин бакъо, нохчийн йоьIан бакъо. Деха а ца дуьйцуш Iедал шайх олу, униформа лелаен герзахой, йоьду нехан зуда,йоI саца а йой, цо хIара, важа духар стенна леладо, олий, барт хатта хIутту.
Хила тарло хьиджаб нохчийн менталитетана юьстахара духар. Амма стенна къастабала беза адаман мах, иза шен лаамехь дегI хьулдеш дара аьлла. Цунах кхета хала ду цхьаболучарна, кхиберш боьлху и духар лело а шайгахь йоцчу бакъонах хьоьгуш.
Амма хууш-м дац, кхана-лама хIун моданаш евр ю, хIун карчамаш хир бу духаре болчу хьажамехь яхь йолчу а, я йоцчу а нохчийн къонахийн.