Стенна кхоьру нах шайн гIайгIа хьахорна чувоьллинчу Кутаев Русланна орцахбовла?

Кавказан Къаьмнийн Ассоциацин лидер Кутаев Руслан шена ечу кхелехь, 11Оха2014

Нохчийн Iедало тухуш-Iуттуш олаллехь латтабо нах. Полице идабо уьш. ДIа а ца хоьцуш, оьшшу бахьана а кхуллий, стаг набахте хьажош а нисло. Иштачех лору Оьрсийчуьрчу бакъоларъярхошна политолог, жигархо, Кавказан Къаьмнийн Ассамблеян куьйгалхо Кутаев Руслан. Ткъа цунна орцах ца бовлу нохчий...

Iаьнан тIаьххьарчу чиллана беттан 20-чу дийнахь шо дузу Къилбаседа Кавказан къаьмнийн Ассамблеи президент Кутаев Руслан наркотикаш а йохуш, Хьалха Мартанан Гихтахь лаьцна аьлла дIакхайкхийна.Кхушеран бIаьстенан шолгIачу оханан беттан 25 дийнахь цуьнан дов хатта долийна, тов бецан беттан 7-чу дийнахь цунна 4 шо хан кхайкхийна Хьалха Мартанан кIоштан суьдо.

Адамийн бакъонашларьечу «Мемориал» центр сацаме еъна Кутаев Руслан лацар а, цунна тIаьхьабовлар а политикца доьзна хIума ду аьлла. Кхузара цу центаран говзанчаша иза политикан тутмакх а лору, цуьнан бехк токхаман гIуллакх харцонан бух тIехь кхоьллина хилар билгал а доккху.

Цу хьокъехь цхьамогIа бакъонашларьярхоша дIахьедарш дина федералан тIегIанахь а, амма хийцаме долуш хIумма а дац. Iедалдайн аьллар тIера а ваьлла, нохчийн бохабар хьокъехь, Iилманан конференци цхьаьнатоха хIоьттина бакъонашларьярхо набахтин хьаша хилла шо кхочуш доллу.

Нохчийчохь урхаллехь болчара, ницкъ бар биста кхаччалц, шеца лелийна харцонаш ма-ярра охьаягарйина ца Iаш, Кутаев Руслана , ша охIла хиларе терра, суьдехь дош делча, хадам боллуш мах хадийна ОЬрсийчохь, дешан маршонах доьзна , тергаллучу хиламийн.

«Оьрсийчохь кху тIаьхьарчу хенахь Iедална резабоцу политикаш а, юкъараллин дахаран жигархой а бехбеш, мур бу дIахьуш,- аьлла , Кутаев Руслана. – Цу юкъара йолуш яц Нохчийчоь а. Соьгахь наркотикаш яра аьлла, харцонан,тешнабехкан бух тIехь соьга бехк кховдор политикаца доьзна, суна бекхам бар санна хIума ду. Церан Iалашо ю кхиболу , нохчийн Iедалхошна резабоцу, царна Iиттарш еш болу политикаш а, бакъонашларьярхой а, хIайттархой а кхерор».

Ишта къамел хазийна Кутаевс суьдехь. Цхьаболчу тергамхошана хетарехь цуьнна и къармазалла ю цунна оццул дукха диъ шо хан тохийтинарг а.

МогIарерчу бахархойн дог-ойланах аьлчи- дукхахболчара цуьрриг тамаше ца лору хан а тоьхна и набахте хьажор. Цара кхеторехь Оьрсийчохь гучу суьртан шатайпа сингаттаме стом бу, Iедалдайшна муьтIахьалла ца гайтина, Кутаев Руслан набахте кхачор. Цу хьокъехь сан къамел хилла Соьлжа-гIаларчу яхархочуьнца Нуржанца.

Маршо Радио: -Тийна-таьIна Iа дезаран тоьшалла лору цхьаболчара Кутаев Русланаца нисделларг. И мел бух болуш ду те?

Нуржан: « Кху махкахь тахана хIоьттина сурт муха ду аьлчи, суна бевзаш болчара наха олург цхьаъ ду-кх – дала ларвойла кху Iедалан диканах а, вонах а. Ерриге ОЬрсийчоь ю ас юьйцургга-м. Советан Iедал долуш цхьа низам ду моьттуш даьхна къам. ХIинца цхьа низам дан а дац. Адаман бакъо ян а яц. Кху ерриге пачхьалкхехь долу сурт ду-кх иза. Шена хетарг генна дIа а диллина ца Iахь стаг хIаллак хир ву. Кху пачхьалкхехь бакъо яц. Кху Оьрсийчохь кхечунна орцахвийлар хийра хIума ду. Шена хетарг аьлларг иза харц а хир ву, иза нажжаз а вийр ву… Диъ шо хан а кхайкхийна чувоьллинчу Кутаевгара хIун даьлла.? Iедал дохо гIиртина иза? Iедална дуьхьала а ваьлла, гIаьттина хилла иза?..»

Хала хеташ делахь а, вовшех дагабийлича санна, дукхахболчу могIарерчу наха билгалдоккхура Кутаев Руслан санна тIеIаткъам карарчу хенахь кхузахь муьлххачу а вахархочунна бан тарлуш хилар. Цундела амал мадду собаре хила агIерташ, ларло нах шайна бала тарлучу бохамах а, бан тарлучу ницкъах а.