Кадыров Рамзанан шен лаамца делахь а, кхетамза делахь а, массех шо ду, цо дуьххьара оьрси шен 16 шо кхаьчча вийна олий, иза цунна Iотта луучара гезвоху.
Цо ша-шена ша цкъа динчу къамелехь тIекхоьллина и сакхт цуьнца баккъал а ду я иза цо аьхза йина бухбоцу кура кхоссар яра, къуьйсу наха.
Ткъа тIамах ша воьлла хилар а, и бан ша тIера хилар а цо НТВ-н корреспонденте Дадаева Фатимига хIинцца шинарийдийнахь а дийци.
Кадыров: «ТIом дика хIума яц. Амма иза шатайпа тамехьа хIума ю. Халкъ къелхьара доккхуш, хьо буха ма кхуссий ахь. Дукха хьолахь самукъане а хуьлу».
Кадыров Рамзанан тIеман хьелашкахь полици а, эскар а эцна, тIамна хьалхавийла бакъо ю я яц? И хаттар айдира Оьрсийчоьнан цхьамогIа зорбано дахначу кIиранашкахь иза Соьлж-ГIалахь 11 гIаттамхо вуьйш дIаяьхьначу операцин коьрте хIоттийча.
Цунах президентан гIентахь волуш Медведев Дмитрийс, шегахь йоцчу бакъонца, полицин инарла вира. Лейтенант хилла ала а воцчунна и совгIат дан ницкъ луш бац конституцино, бохуш, цец-акъбуьйлу оьрсийн бакъоезархой тахана а.
Цхьанне а къайле яц, официалехь а доцуш, Кадыровн гонашкара, я оцу гонашкахь лелла нах Донбассе Украинан эскаршца лета ихина хилар а, цигахь царех дуккха а белла хилар а. И бахьанехь Кадыровга дов а кхайкхийна Украинан куьйгалло а, инарлаша а. Кхайкхийна цунна дуьхьал зулам такхаран гIуллакх а, ву Интерполехула лохуш, Евроберто а, Iамерко а шена дуьхьал яьхна санкцеш ца йийцича а.
ХIинца, НТВ-на еллачу интервьюхь кхин а цхьа политикан перл араикккхина Кадыровн Рамзанера. Цунна ваха лаьа шен мостагIашца, ткъа шен белахь, царех Делан а мостагIий беш, "шайтIанаш" ша олучу Украинан салтех лата ваха.
Кадыров: «Со президенте деха дагахь ву, со кху даржах мукъавитар. Суна лаьа, Донбассе а вахана, цигахь халкъан бакъо къовсуш летачарех дIакхета. И шайтIанаш леца а лоьцуш, хIаллакдан. ХIунда аьлча, церан я сий а, я эхь а дац. Европа а, Малхбузе а цигахь ю, цара Оьрсийчоьнна гобина, санкцеш духьалйохуш, сийсазйо. Iамеркан эхьдоцчу куьйгалло боху, оха охьатаIор ву Оьрсийчоьнан президент, шен позици тIера вала декхаре вийр ву. Царна хаьа, Оьрсийчоь ницкъ болуш пачхьалкх юйла, Оьрсийчоьнан халкъ эшалур доцийла».
ДуьнентIехь дуккха а хилла, даржера а гIуьттуш, тIемашка лела паччахьаш, баьччанаш, эланаш. Ткъа керлачу историно декхаре бина царех дIатарбала Нохчийчоьнан хьалханчаш а – тIемашкахь валла а, вала а дезна тIаьххьарчех хIора а президентан.
Бакъду, арахьара ницкъ чубеъча бен ца доьхна цара тIе тIемалочун барзакъ.
Ткъа Кадыров Рамзанна дагадоьхначух тера ду, шен махкара ара а ваьлла, кхечу пачхьалкхе а вахана, хийрачу нахах а летта, цигахь тоьллачу я эгначу, нохчийн куьйгалхойх дуьххьараниг хила.
Кадыровн дIахьедарш, цхьаъ вукхул а къоршаме, низамца гарадолуш, лела даима а санна. Ткъа Украине а вахана, цунна тIом бан лаар а ма дуй, дуьненан низамаш хьовха, Оьрсийчоьнан конституцица а галморзахдолуш.
Сацор ву иза Путин Владимира, шен семантIе а хаийна, я чухоьцур ву Украинан батт ата? ХIуттучу хаттаро дагавоуьйту 18-чу бIешарашкахь шен Iаламатех адамаш цецдаха волавалларх, тахана а лийр воцуш вуьсу немцо Мюнхгаузен.
Распес яздарехь, цкъа барона, шен карахь туьхадухкург а йоцчу барона, уьлтиматум кхакхийна хиллера Англина, цо хIара а, хIара а кхочуш ца дахь, ша тIом болабо цуьнца, аьлла. Оцу Iовдалчу майралло кхерийна а, цец-акъ ваьккхинаа вехачу мехкан паччахьа тIекхайкхина хиллера Мюнхгаузен.
Киночохь иштта ю церан диалог.
- Ахь тIом кхайкхийна Ингалсене?!
- ХIан-хIа!
-ХIан-ХIа?
- ХIан-хIа цкъачунна, тIом 4 сахьт даьлча болалур бу. Ингалсено уьлтиматум кхочуш ца яхь.
-Ультиматум?
-Ас ультиматум яхьийтина цаьрга.
-«Цаьрга», хьаьнга?
-Ингалсан паччахье а, Британин парламентан декъашхошка а. Тахана 4 даьлча чекхйолу уьлтиматумна йиллина хан. Сан лаам кхочуш ца бахь, ас болор бу-кх тIом.
- Болор бу?!
-Бу.
- Дика ду, паччахье ультиматум хьажийна волу барон дукха тIехваьлла, доцца аьлча, лаьцна ву хьо, барон, дIалолахь тур, со хьоьжуш Iа! ДIало, дIало! Хецаделла шу, цхьа а доза а доцуш, луучо тIом кхайкхабо, луучо ца кхай кхабо....
Оцу кепехь къамел хила деза хIинца Путин Владимирний, украинахойх лата ваха кечлуш волчу Кадыров Рамзанний юкъахь, аьлла хета Оьрсийчоьнан пачхьалкхаллах мелла а вешачу тергамхочунна.
Ткъа хIинццалц Кадыровгара дийлинчу бахьанаша, хила хьакъдеш хиллехь а, и тайпа къамелаш Путина цуьнга дина дацаро ца юьту нахехь цецбийла меттиг.
...Бакъал а, ваха а сахьт дац Кремлан пурбанца Кадыров Украина яккха!