Къаьркъа дайдина а, шена сий лоьху Путина

Экономикан кризис чIагIлучу муьрехь къаьркъан мах байбан лерина ю Кремл. ХIун ду и дIакхайкхинчу Путин Владимира цунна бухадиллина? Мацалла яржарна богучу нохчаша диканна ца туьду дарана, духаран, дерриг а дахаран мах базлучу муьрехь, малар дайдар.

Кху керлачу шарахь Оьрсийчоьнан куьйгалхочо Путин Владимира хазахетаран совгIат дина къаьркъанан мах охьабаккхарца, маларца уьйр мел йолчу бахархошна .

Ткъа йоккхачу Оьрсийчохь уьш бац кIеззиг. Пачхьалкхан статистийн урхалло бинчу хаамашца, Оьрсийчохь карарчу хенахь маларх воьзна ву ворхI миллион гергга стаг. Ткъа церан чоьте эцаза верг а ву 30 миллион ца кхоччуш.

ХIора шарахь дуьненчуьра 3 миллион стаг леш ву къаьркъа бахьана долуш, ткъа ах миллион царех Оьрсийчуьра бу.

Лоьраша а, кхечу говзанчаша а чIагIдарехь, маларша вон тIеIаткъам бо кхиазхойн а, кегийрхойн а кхиарна а, церан кхетамна а, иэсана а, могашаллина а. Цул совнаха? дуккха а зенаш-зуламаш хуьлу, доьзалш дIатийсар, некъаца баларш лаьтта, дош дашарера долий, вер-ваккхарш а кIеззиг ца нисло. Дай-наной белхабо, муьйлучу шайн доьзалшна дан амал ца хиларца.

ГIура-беттан тIаьххьарчу деношкахь дIаяьхьначу пачхьалкхан кхеташонехь, къоман синбахамалла юьйцучу юкъанна, я дегIана а, я синна а пайде ду ала а доццург юкъадаьккхина Путин Владимира.

ХIинццалц ши бIе ткъа туьма доьхуш лаьттинчу къаьркъанан шишанан мах Чиллан-баттахь дуьйнна хир бу цхьа бIе дезткъе пхийтта сом.

Путинан политикехь даима а шалхенаш гучу могIарерчу бахархоша цу гIулчан мах тайп-тайпана хадабо.

Соьлжа-ГIаларчу вахархочунна Хизирна хетарехь, Кремлна хьалха карчаман хьал хIоьттинчух тера ду, цундела шен къомера гIо оьшуш, къам шена тIедерзон Iалашонца Оьрсийчоьнан куьйгалхочо деш хIума ду къаьркъан мах байбар.

Your browser doesn’t support HTML5

Шех гIайгIабеш ву президент

Бусулба нахана къаьркъа малар а, дохкар а хьарам дина ду бохуш, къийсам латтош белахь а, Нохчийчохь, къайлах-къулах маларш духку нах кIеззиг бац, кIезхиг бац муьйлурш а. Оьрсийчоьнан президентан муьлхха а омра кхочуш дан кийчайолчу Нохчийчохь къаьркъа дохкар, малар эвхьазадаларна кхоьру дуккхаъ а Маршо Радиоца къамел хилла нах.

Цул совнаха, ах шо хьалха деста дуьйладелла мехаш: духаран, серлонан, дааран, ягоран. ХIун маьIна ду-те къаьркъанан мах охьабаккхаран?

Соьлжа-ГIаларчу базарахь кхаллар духкуш шен доьзална напха латтош ю боккхачу доьзалан нана Зарган. ЦIийнда заьIапхо ву цуьнан, цундела доллу цIийнан дукъ шена цхьанна тIехь дисина. Баьпкан мах бестачу муьрехь къаьркъанан мах лахбарехь шен йолу шеконаш йовзийтира цо.

Your browser doesn’t support HTML5

Вайгара иман-беркат дIадаккха гIерташ...

Дика хьаькам — мохк, вон хьаькам — дохк, олуш ду дикачу дайн алар. Гучу суьртехь а, дуккхаъчу могIарера бахархошна хетарехь а, тIейогIучу хенахь а Оьрсийчоь бехначу коьртан дахкарлахь йиса кхерам бу, аьлла хета Маршо Радионе маларан мах лахбарх лаьцна ойланаш йовзуьйтучарна.