365 де оьрсийн маттана, 1 - нохчийнчунна

Нохчийчоь -- 2014 шеран Нохчийн меттан Де, Соьлж-ГIала, 25Оха2014.

...Юха а тIаккха а ненан меттан гIайгIанех. Нохчийн мотт леш лаьтто олу хийлачо, олу иза шена а тIехь ца хуучу нохчочо а. Муха ю оцу шийлачу хьолан билгалонаш, хIун дича толур дара гIуллакх.

Хьехархоша шаьш къаро а еш, нохчийн мотт Iаморехь, оьрсийн маттаца дуьстича-м муххале а, ледара хьал ду ишколашкахь. Иза гуш ду тIехула бIаьрг тоьхча а. Нагахь оьрсийн мотт Iамо къастийнарг кIирнах ялх сахьт делахь, ненан маттана лург дац цхьаъ я ши сахьт бен. Кхузара берашна нохчийн мотт хаар а ду Iаламат ледарчу тIегIанахь. Хьехархо, юх-юха а цец а вохуш, «хIара хIун ду, и бохург хIун ду» бохуш, хеттаре буьйлу дешархой. Цу хьокъехь дуьйцуш ву Новр кIоштера хьехархо, байтанча Цуцаев Iалавди.

Цуцаев: «Хьайна хьалха хIоьттинарг кхето гIерташ, ахь гIирсаш лоху-кх. И къамелах кхето, цунна нохчийн мотт ледара хар бахьнехь, оьрсийн маттахь дийца дезаш нисло-кх. Оьрсийн дешнашцаний нохчийн дешнаш кхето дезаш меттигаш йогIу-кх ишколехь».

Карарчу хенахь вайнехан юкъараллехь хаало, хIинцца къамел динчу Цуцаев Iалавдис дийцинчуьнца ондда зIе а йолуш, «къам хIаллакьхуьлуш ду» боху дог-ойла. ДIа хьа-а мел винчу кхоллараллин белхочо –хьехархочо а, яздархочо а, нохчийн маттах, цуьнан а, къоман а кханенах а дог мел лозучо а даре до, «къам хIаллакьхуьлуш бу» боху кхетам юкъараллехь баржар бахьна ду ненан мотт вуно чехка, яккхийчу гIулчашца бицбаларе, бухбацаре боьдуш хиларца.

Цу хьокъехь шена хетарг довзуьйтуш ву еххачу хенахь хьехархо болх бина ,тахана совдегархо волу Махметов Хьалим.

Махметов: «Вайнехан мотт а ца хаьа,алфавит а ца хаьа. Къамел дан а ца хаьа. Минталитет а маттах йоьзна ма ю. Мотт ца хууш волу стаг нохчийн а вац. ХIун хир ду аьлчи, и шадолу чкъор,схьа тIекхиъна долу чкъор дIахедар ду-кх шайн къомах».

Мелла а шуьйрачу хеттаршна жоьпаш каро а гIерташ, сан къамел хилла яздархошца а, Iилманан белхошца а, хьехархошца а. Царех ву Ахматов Iалавди а, Хатаев Хьусайн а. Аша муха кхетадо, нохчийн маттаца а дузуш, къам хIаллакьхуьлу бохучу дешнийн маьIна? Мел бух болуш лору аш и ойла-хьажам? Дешан хьалхе каралаьцнарг ву Ахматов.

Ахматов: «Гуш долу сурт дера ду къам хIаллакьхуьлу бохург. Нохчийн къам кхечарех къасториг хIун дара – ненан мотт, гIиллакх,оьздангалла… Ишколашкахь нохчийн меттан сахьташ лахдеш ду. Ишколан программа юкъара нохчийн истори а, географи а дIаяьккхина. ГIиллакх,гIуллакх хууш берш, цIена нохчийн къомах схьабевлларш цхьацца бахьнешна махках а бевлла дIабахна…»

Хатаев: «Цхьа шеко а йоцуш стага юьхьанца къасто деза къам хене доккхург хIун ду. Уггар хьалха мотт бу. Мотт боху синмехалла юй, цуьнан ницкъ бу кхийолу синмехаллаш ларьян. Тхойга мотт ца ларлой, тхойга дин а ларлуш дац, цхьа хIума а ларлур дац. Оццу маттаца доьзна ду кхидолу массо хIума а.

Нагахь санна хьуна мотт ца хаахь,тIаккха хIуна гIиллакх а, кица а,кIадда а ца хаьа. Къомах къам деш долчу хазнех уггар а мехалниг мотт бу, иза тахана байлахь бу. Дешнаш кхоллалуш дацахь и мотта хебаш, хебаш… дIо цхьа цIока юй, ахь тIада а яй малхе яккха ахь, хаба а хебий, хьо цецволий вуьс-кх, ой аса охьаюьллуш хIоккхул мА яра хIара…

Маршо Радио: ХьастагIа машенахь новкъа доьдуш цхьана Iилманчо боху, хьуь-л гой хьуна, оьрсийн маттахь яздинарг » Не забудь помянут аллахIа». Цхьа билгало иза а ю хьуна къам хIаллакьхуьлуш хиларан. Ахь муха кхетадо иза?

Ахматов: « Дера кхетадо оцу дIаяздинчу хIумане хьаьжжа. ХIунда до. Маттах дозаделла мА ду массо хIума а,цо латтош ма ду къам а. Таханлерчу дийнахь мотт муха бу. Телевидени схьаэца хьайна. Цу чохь къоман маттахь хьожийла мел хуьлу а, цунна хан мел ло а хьажахь, оьрсийн маттахь мел хуьлу а хьажа. Тхуна доккха хазахетар а хилла дIахIоьттира, шеран 365 дийнах цхьа де нохчийн меттан де ду аьлла кхайкхийча.

Ткъа цо хIун гойту? 364 де оьрсийн ду, цхьа де нохчийн ду. Хьо дIаса хьажа оьрсийн маттехь бен язораш гур дац хьуна. Хьо мичча гIала вахарх, Гуьмсе я Аргуне, йозанаш ахь тергал дича, хьуна хьо цхьана оьрсийн гIалахь ву моьттур ду-кх. Кхечу махкара веанчу стагна ша кхечу оьрсийн цхьана шахьар нисвелла моьттур ду-кх цунна.»

Маршо Радио: ЛадугIуш берш нохчий бу, амма телерадиохь буьйцуш берг оьрсийн мотт бу,изза сурт тергалло ишколашкахь а – пайдаоьцург оьрсийн мотт бу. И хIун, дозалла ду?

Хатаев: «Иза эхь ду,эхь. Яхь йолчу стага иза кхетор ду эхь хилар. Тхан чохь пачхьалкхан мотт бу аьлла кхайкхинарг ши мотт бу. Iедало ша кхайкхийнехь цхьа хIума,цо ша кхайкхийнарг кхочуш дайта деза, кхочуш ца дахь таIзар дан деза. Цо и таллам беш а бацахь, шен сацам дахаре боьрзу я ца боьрзу и Iедал бала кхочуш а дацахь, цо кхайкхийнарг кхайкхорхьама кхайкхийна хуьлу.

Маршо Радио: Мел бух болуш лору ахь Хьусайна дуьйцург?

Iалавди: « Иза кхин ца хиллал чIогIа бух болуш хIума ду. Нохчийн мотт Iамахьара, хаъхьара, оцу маттахь хIума араялахьара, и мотт шорлахьара, цунна тIехь болх беш Iилманчаш хилахьара аьлла, нохчийн меттан бала кхочуш бац. Сайн аьллар хилча, ас уггар хьалха тIеоьцу болу сацам бар-кх, массо цIерш уггар хьалха нохчийн маттахь хилийтар, ишколашкахь оьрсийн матте нийсса нохчийн мотт хьехийтар. Оха тхешан мотт лахбеш бу, хабарш дийцарел сов деш кхин хIума а доцуш.»

Нохчийн маттах а, къоман кханенан а балакхочурш а хилла лелачара хаамийн гIирсашкахула деш долчу зевначу, дезачу къамелашка ладоьгIчам-ма, хьал ца хуучунна мотало, шо-шаре далале ненат мотт Iамор, нускал духар дуьйхинчу йоьIан куц-кеп санна, дикачу агIор хийцалур ду.

Бакъду, лакхахь къамел динчуо мf-аллара, шеран чохь долчу 365 дийнахь цкъа бийцаре а беш,цул тIаьхьа, вукху 364 дийнахь Iуьллуш бу нохчийн мотт. Иза къеггина гойту, са а доьхкина, оьрсийн мотт биц ца балийта гIерташ, цу маттахь хьожийлаш а, ладугIийлаш а дечу журналисташа а, хьух пхьух боьлла, оьрсийн мотт бацо царна доза доцуш бакъонаш еллачу Iедалдайша а