Путин юха а президент хила лууш бу ах сов оьрсий

2018-гIа шо чекхдаьлча а Путин Владимир президент хилийта лууш бу ах сов Оьрсийчура бахархой – 55 процент. Иштта жамI ду «Левада-центро» ГIура-бутт чекхболуш бинчу талламан. Путинан метта кхин стаг хилийта а мегар ду аьлла хеташ вац хIора иттаннах цхьа стаг бен.