Немцов Борис а новкъара ваьккхи...

Украинахошна новкъадеана Немцов Борис вер, Херсон, 01Оха2015

Яхначу шоьтан буса вийна политик-оппозиционер Немцов Борис вуно новкъа вара Кремлна. Цундела миллионаш нах кIезиг теша Талламан Комитето зен юхьарлаьцначу зуламан бахьанех - царалахь янне а яц нахана хета верси...

Немцов: «Путина бердайисте кхачийна пачхьалкх, 100 процент хIинца хуьлуш долчунна бехке ву Путин».

«Суна юьззина синонимаш ю « Путин», «кризис», «тIом», вай декхаре ду Оьрсийчоь Путинах паргIатъяккха, иза вай ца дахь, вайн мохк дуьнено шех хербийр бу, къоьллехь буьсур бу, кризис вайна лаьттар ю шерашкахь».

...И тайпа къамелаш тахана Оьрсийчохь дан баьхьарш охьабагарбан ца оьшу калькулятор - пIелгаш а тоьа. Я и тайпа къамелаш нахе деха дойтуш а яц Кремл. Ткъа Немцов Бориса-м бина, президентехь Путинехь шена гуш йолу туьтмIаьжиг цунна тIера охаьяккха гIерташ, ткъа шарахь сов маьхьарахь кхайкхамаш халкъе.

ТIаьххьара а карарчу заманахь, карарчу хьелашкахь логико хьоьххучу жамIе а кхаьчна, шел хьалха байинчу политикийн декъе.

Мила вара оппозиционер, Оьрсийчохь вуно халчу хьелашкахь, хаамийн гIирсех а хаьдда, деладенна шаьш майданашка протесташка арабевлча полицино а текхош, Iедалера юьйлу харцонаш бахархошка елхаечу жигархойн лидер Немцов Борис?

Шуна мила вара иза, хаьттира Маршо Радионо шаьш а Кремлна оппозицехь лаьттачу нохчашка.

«Нохчийн къам паргIатдаккхар» цIе йолу юкъарло а кхоьллина, вехха цуьнан коьртехь лаьтта ша къона волуш Европан спортехь тIегIанаш а лоьцуш ваьхна волу Бадалов Руслан.

Цунна гергга вевзара демократ, Кремлан виллина оппонент лаьтта Немцов. Бадалов Руслана иштта туьду иза вер. Цо уьйцу, мила вуьсу цул тIаьхьа алссам нах бешачех Оьрсийчуьрчу оппозицин коьртехь.

Your browser doesn’t support HTML5

Бадалов: «Ца кхоьрура Немцов Кремлах»

Немцов Борисца гергарло деана хиллачех ву Австрехь кест-кеста нохчийн гIайгIанаш гIовттабой, гуламашка вуьйлу, тахана Украинехь боьду тIом сацабарехьа Венехь лаьттачу митингашкахь дакъалоцуш хуьлу политик Исханов Хьусайн.

Цо иштта кхетадо Москох шоьтан буса дина зулам.

Your browser doesn’t support HTML5

Исханов: «Суна вевзинера иза Венехь...»

Социалан машанашкахь а, кхечу форумашкахь а кху муьрехь Немцов Борис верах шена хилла Iаткъам балхабо нохчийн Парижерчу историка-Iилманчас Вачагаев Майрбека.

Оьрсийчоьнна хилла ца Iаш, нохчашна а хилла эшам, боху цо а.

Your browser doesn’t support HTML5

Вачагаев: «Немцовс миллион куьйгаш лехьийра Нохчийчуьрчу тIамна дуьхьал»

Еккъа дIа Кремлан политика, иза тIемашка марзъялар, и бахьанехь цо ша дуьнене а емалъяйтар, экономика южучу кхачор, кризисе ерзор далхийна Немцов Борис Iийнехь-м кхин а вахийта а магара иза цавезачара.

Амма иза таханлерчу Оьрсийчохь гуттар а ца торуче, ца мегаче, кхерамечу хьарме гIиртира – цо емалвора Путин Владимир Владимирович, махкахь дуьйлучу а, дахаран хатI хилла дисинчу а сакхташна иза ву куьгбехке бохуш дуьйцура.

Немцов: «Кхузахь буьйцург долара я пачхьалкхан бахам бац. Путина дукха хан ю шенний, Iедаланний бахамашна юкъара башхалла йицйина. Цуьнга хаьттича, пачхьалкхехь берриг а цуьнан шен бахам бу. Кхузахь дуьйцург тIех сов хьал ду, иза чу а воьжна луьйчуш Iен, цуьнан дуьхьа Кремл дIатаса цунна ца луушдолу».

«Нагахь санна 43 кема, 15 беракема, 20 вилла, гIап, 4 яхта къечу махкахь ша лелош хилар цунна лартехь хетахь, ша паччахьалла дечу юкъанна 20 эзар школа дIа а къовлуш, хьехархойн терахь 700 эзарна, дарбан цIенош шозза, поликлиникаш 30 процентна лах а луш – тIаккха тхан цуьнца кеп-кепара бу Диканах а, Вонах а болу кхетамаш».

...Шатайпа хьажам бара Немцов Борисан Нохчийчуьрчу тIемашка. Кхеташ ду, цуьнца дацара, ша нохчо а хилла, хьал чуьра гар. Делахь а, иза гуттар а вара цигахь Кремло латточу Iазапна дуьхьал.

Массо а мехкан куьйгалхой, пачхьалкхера истеблишмент санна, нохчашна луьйш, Кремло детта даш къобалдеш хуьлучу юкъанна цо, Нижний Новгородан губернаторо, жигара болам гIаттийра тIамана дуьхьал. Миллион куьг лахьийра иза сацабе бохуш.

Бакъдерг бакъду, нохчех къахетар совдаьлла-м дацара иза. Церан карах оьрсийн салтий ма балийта бохура Немцовс. Делахь а иза а яра хIетахь нохчашна къинхетамалла.

Ткъа шолгIа тIом болабеллачул тIаьхьа, 2001-чу шарахь, Немцов Бориса Оьрсийчуьра тIом сацорхьама Нохчийчоь, къаръелларггий, къар цалурггий чоьте а оьцуш, Теркаца хьала-охьа шина декъе екъа еза бохура. Кремлехьа даьлла цхьа дакъа вукхунна дуьхьал а доккхуш.

Ца вешара политик-демократ таханлерчу Нохчийчуьрчу администраторах а. Цо иза кхетамна беркъа адам ду олура.

Масала, хIара дар-дацара даржийра телевизионашкахь Кадыров Рамзаний, цой. Оппозицех ду Кадыровн къамел.

Кадыров: «Уьш массо а, церан куьйгалхой а, цубохка беза. Цул тIаьхьа цхьанненан а хир бац Манежке бийла лаам».

Журналист: Мила? Немцоввий? Цунна-х 15 де-буьйса тоьхна чохь яккха!»

Кадыров: Иза набахте хьажо веза! Иштта ловзо ца веза. ТIаккха бен низам а хир дац вайн. И санначу нахах вай мукъадовлий, уьш чубухкий, структурашкара лохкий, т1аккха хир ю къепе».

Хан ца йолуьйтуш жоп делира Кадыров Рамзанна телевизионашкахула Немцов Бориса.

Немцов: «Кадыроввий, хIа-а, Кадыров психикаца могуш ма вац, дарбадан ма деза цунна! ЦутIе, сихха! Хаьий шуна, со цомгуш болчу нахе сих ца луш ма хьожу! Халахета дера, Кавказехь доккха маьIна долчу регионехь и санначу наха куьйгалладеш. ТIаьххьара а иза юьстах а воккхур ву, цо доллучунна а жоп лур ду, аьлла хета суна».

...«Стенна вийна Немцов Борис» бохучу хаттарна жоп карадахь, карор ду «хьан вийна» бохучу хаттарна а жоп. Версеш кеп-кепара ю нехан. Официалан версеш хIорш ю. Оьрсийчоьнан талламан комитетан зорбанхо Маркин Владимир.

Маркин: « Талламан массех верси ю. Уггаре хьалха, кхеташ ду, иза вер провокаци хила тарло, махкхаь политикан хьал талхорхьама». Иштта толлуш ю вер исламан экстремизмазман карах даьлла хиларан верси. Хууш ду иза карикатураш ехкинчу «Шарле Эбдо» журналехь байинчаьргахьа хилла хилар, оцу хьокъехь цуьнна интернетехула кхерамаш а тийсина. Цул совнаха толлуш а, толлур йолуш а ю Украинерчу хьолах йоьзна верси».

Версеш, гуш ма-хиллара, массех ю официалан. Амма яц царех цхьа а Оьрсийчуьрчу хьолах дог а лозуш хьалхатеттина-м, и хьал дика девзарш тешачех-м.

Талламо дендерг хууш дац, зуламхой «карор бу» бохург «карор бац» бохучул тIехьатоьтту тахана пачхьалкхехь демократаш байар хьайначу бахархоша. Иза деша тароа ю, хаза таро а ю массанхьа а.

Вац Немцов Борис. Я цуьнан меттиг дIалаца майралла йолуш а ца го стагга а...