Салонерчу зудчуьнца къамел:
- Зударийн салон юй хIара?
- Ю, ю!
- Аш ботекс йой?
- Йо. Пластически операцеш а йо. Бакъду, Москох дIаяхана тхан тхайн белхахо. ХIинжа-ГIалара йогIу тхуна ши белхахо.
- Мах эр дарий ахь?
- 12 эзар бу. Лаахь ас телефон а ло хьоьга. ХIинжа-ГIала тохахь...
Иштта къамел хилира Маршо Радион Соьлж-ГIаларчу цхьана зударийн салонца. Ткъа шеко яц изза, аш телефон тохахь, шуна муьлххачу а салонера схьахезар хиларх.
Нохчийн гIалара а, гIалара боцу а мехкарий тIаьххьарчу шерашкахь къаьсттина оьрсех тера куц-кеп лохуш лелаш хаало. Масала, Iаьржа месаш кIайнйо, ботекс йойту, мехий доьттуьйтуш балдаш а совсош.
Вайнчул хаза мехкарий карор бац кхIу дуьненахь, бохуш, кIенташа иллешкахь язъйина нохчийн йоьIан хазалла тахана, хьалха санна, мехала яц-те? Я стенна ду тоьллачу куьцахь болу нохчийн мехкарий а шайн бос кIайбан хьагар?
Ярташкарчу а, Соьлж-ГIаларчу божаршца къамеле елира Маршо Радио оцу хьокъехь.
Божарий: «Ишта мехкарий хаза ца хета, бусулба динехь коьртахь йовлакх долуш, мел уьш хаза бу, динехь бу. Тхуна хазахеташ а бу».
«ТIаьхьалонан ойла ян волавелча, лартIахь йолу йоI лоьху. Амма оьзда йоцу йоI гича дика ойланаш ца хуьлу, сайн амалца ишта мехкарий я товш а ца хета суна».
«Хазахета, амма оьзда-м ца хета. Хаза хIума хаза ма яй. Оьзда, нохчийн Iедалехь, духарехь ерг хазахета суна».
Божарий-м зударий къайленаш йовза зударий а ма баций! Ткъа муха хета зударшна?
Дукаева: "И ботекс юттий, балдаш совсадой, коьртах кIайн басар дой, багахь буьйцуш гIазакхийн мотт хуьлу, нохчийн мотт хIинца башха буьйцуш а ма баций. Йоца юбкаш юхий, коьртахь йовлакх доцуш, дIабуьйлало хIинца йоьIарий. ГIазакхех тарлуш бу, оьзда доцчу даьлла хIара гIуллакх. Шайна могуьйту дела лела ишта и зудабераш".
Шайн ирсанна, куц-кепехь, товш дуьнентIе бевлла нохчийн мехкарий, зударий а тIехь, оьрсех тарбала гIерташ, юкъадаьккхина беснаш хийцар, юьхь-марш Москохна тархьама, аьлла хетара цхьаболучарна.
Масала, тхоьца къамелдинчу Гермачигарчу жимчу зудчунна Яхъяева Заретина.
Яхъяева: «И сирла месаш йолу мехкарий божаршна хазахета бохуш, и совсийна балдаш хIокху заманахь модехь ду бохуш. Кхечу нахах тарбала гIерташ бу-кх! Интернетчу шайн маьттаза даьхна суьрташ чукхуьйсу, инзаре хIума ду вайн йоьIарша лелошдерг. Хьекъал долчу зудчо лелор долуш хIума дац. Кхана-лама нехан цIентIе яхча, хир юй-те кхоччуш нана а, зуда а?"
Ша хIоттийначу хаттарша ша жоп ло Соьлж-ГIаларчу Абубакарова Мархас.
Абубуакарова: «Уггар хьалха вайн тIекхуьуш йолу тIаьхье галъялар хета. Интернето, телевизоро деш ду аьлла а хета. Британехь талламаш бина хилла ши шо хьалха, цара гучудаьккхина и ботекс дIаьвше хилар.
Адамийн дегIах и йоьлча, юх-юха йотта езаш хуьлу, боху. Наркотик санна, юуш йолу фаствуд санна, цкъа чам тайча, тIаьхьара ца долу «мерза» дIовш. Месашна кIайн бос беш, ботекс юттуш, суна ца хаьа кхана-лама нехан цIентIе яхча, царех хIун несарий хир бу, наной хир бу, зударийхир бу? ХIун хьекъал лур ду шайн доьзалашна?"
Нохчийчохь дуккха а ю пачхьалкхо лицензеш а елла, схьайиллина зударийн салонаш. Цигахь карор бу куц-кеп оьрсийчух тардан хьаьгна, нохчаллин хьоькх яйъа арабевлла зударий.
Маршо Радиона хетарг тешийначу божарша а, зударша а цхьатерра туьду вайн мехкарша месийн бос, меран куц, цIоцIкъамийн кеп хийцар. Цара бахарехь, дукха хьолахь и мехкарий оьрсех дIатарбала хьаьгна хуьлу.
Орам ахка воьлча-м, тхоьца къамел динчу цхьана гIаларчу таксилелорхочо ма-аллара, къамел дIадоьду масех бIе шо хьалха болабеллачу Кавказан тIаме а, Оьрсийчоьно кавказхойн цIий а Iенош, царна тIе шайн олалла дожийначу замане а.
Мел мухха а делахь а, дериг долуш ду. Нохчийн хьовха, ерриг а Кавказан бусулба зударий а, цхьана декъана, чухьаьвдда, тарлуш бу Оьрсийчуьрчу титулан ша-шех шех олучу къоман зударех. Ткъа цунах-м ассимиляци олу...