Немцойн хаамийн гIирсашкахь ша Германехь официала визитаца веана волуш Украинин президента динчу дIахьедаршца, Малхбалерчу Украинера Оьрсийчоьнехьарчу сепаратисташа Мискехь бина болу герз тохар сацорах болу барт банне а ларбеш бац. Сепаратисташа кху тIаьхьарчу кIиранашкахь 1100 сов бохийна и барт, элира цуо ша немцойн уггаре а йоккхачу тиражца араболучу Билд газетина еллачу интервьюхь.
Порошенкос билгалдаьккхира, нагахь санна Киево хIинцалца схьа Минскехь бинчу бертан хIора а хьарк лардеш делахь, сепаратисташа шаьш даккхий герзаш юхадаьхна боху харц дIахьедарш а деш, амма бакъдолчехь и дIахьедарш талла шаьш долче Евробехь кхарамазаллин а, цхьаьнаболхбаран а юкъараллин тергамхой кхочуьйтуш ца хилар.
Цундела Украинин президент тешна ву, Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш юккъе ца яьхча, гIуллакх хир дац бохучух. Ткъа и санкцеш, Порошенкон хетарехь, хIинцалчул а лазамех хила езаш ю Оьрсийчоьнан экономикана а, цуьнан сонталлийна.
Масала, цуо кхайкхам бира Евробертан куьйгалхошка, 20I8-чу шарахь Оьрсийчохь дIаяхьа лерина йолу дуьненан футболан чемпионатана бойкот яре я и чемпионат кхечу пачхьалкхахь дIаяхьа сацам тIеэцаре.
ХIинцале а цхьа могIа тIеIаткъамечу немцойн политикаша кхобалдарца тIеэцна Порошенкон футболан чемпионатах долу дешнаш. Нагахь санна Москохано шен Украинера питане политика хийца ца хийцахь, дуьненаюкъарчу футболан ассоциацийн федерацино, я вуьшта аьлча, ФИФАс Оьрсийчоьнера дуьненаюкъара чемпионат дIаяхьара бакъо схьаяккхаран хаттар айдан деза аьлла дIахьедар дира Меркел Ангелас куьйгалла дечу, карарчу хенахь Германехь Iедалехь йолчу Кериста-Социалистийн партин цIарах Бундестаган депутат волчу Штеффель Франка.
Шинарийдийнахь оццу Билд газетехь араяьллачу шен интервьюхь цуо элира: „Нагахь санна Путинас шен агресси саца ца яхь, Оьрсийчохь дуьненан футболан чемпионат хир яц. Демократин пачхьалкхаш цу чемпионатана бойкот йийр яц, иза кхечу пачхьалкхана дIалур ю“, - аьлла.
Изза аьлла хеташ ву кхин цхьаъ гIарваьлла волу немцойн политик, ХIессен лаьттан чоьхьарчу гIуллакхийн министр волу Бойт Петер а. „Оьрсийчоьно а, цуьнан президента Путин Владимира а Украинерчу конфликтехь лоцучу декъе хьажча, хала ду, цу махкахь дуьненан футболан чемпионат дIаяхьа йиш ю бохург къобалдан“, - элира цуо журналисташка.
Кхин цхьаьна доккхачу а, мехалчу а немцойн бундестлаьттан – Баварин - чоьхьарчу гIуллакхийн министро ХIерман Йоахима а, ткъа иштта немцойн Кериста-демократийн партин кхерамазаллин эксперт волчу Майер Штефана а хаийтина, шаьш Оьрсийчоьнера футболан чемпионат дIаяхьаран бакъо схьаяккха еза аьлла хеташ хилар.
Бакъду, дуккхаъ тергамхой ца теша, Дуьненаюкъарчу футболан ассоциацин федерацино, я вуьшта аьлча, ФИФАс цу тайпана сацам тIеоьцур бу бохучух. ХIунда аьлча, цхьаннена а къайле а йоцуш, цу цхьаьнакхетараллехь лелаш долу гIиллакхаш демократица а, чекхчагучу финансийн политикца а цхьаьнадогIуш дац.
Дуккхаъчу шерашкахь цу ФИФАн куьйгалла деш волу Блаттер Йозеф шен Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца долчу доттагIаллийца вевзаш ву, ткъа иза ша а, цо куьйгалла до цхьаьнакхетаралла а хийлаза коррупцина а, куьйгана цIена ца хиларна а бехке вина ву журналисташа а, тергамхоша а. ХIетте а, цкъа а кхеле озийна а, я низамашна хьалха жоьпалла такха а ца дезна цуьнан.
Цундела, Дуьненаюкъарчу футболан ассоциацийн федерацино, хIуъу хилла лаьттахь а, Оьрсийчоьнера футболан чемпионат дIаяхьаран бакъо дIайоккхур яц аьлла тешна ву Соьлжа-гIаларчу Терк футболан тобан декъахо хилла волу, ткъа карарчу хенахь Берлинехь вехаш волу Сатуев Адам.
Цунна хетарехь, футболан чемпионат ищза спортан хилам хилла ца Iаш, политикан маьIна долуш хилам а бу, амма ФИФА Оьрсийчоьнна дуьхьал ер ю бохучух иза ца теша.
Сатуев Адам: „И ФИФА а, УЕФА а цхьа шайн башхаллаш йолуш, Iадаташ долуш цхьаьнакхетараллаш ю, цара Оьрсийчоьнера дуьненан чемпионат дIаяхьа йолу бакъо дIайоккхур ю аьлла ца хета суна. Соьга хаьттича, и бакъо цуьнгара дIаяккха-м йогIура.
ХIинца Оьрсийчоь уггаре а чIогIа адамийн бакъонаш а хьоьшуш, кхечу къаьмнийн маршонаш а хьоьшуш лелачу хенахь, цигахь футболан чемпионат дIаяхьара суна нийса ца хета. ХIунда аьлча, футболан чемпионат – иза спортан хилам хилла ца Iаш, политикан а хилаам бу“.
Сатуев Адаман дешнаш тIечIагIдо Германехь Оьрсийчуьра футболан чемпионатан бойкот яр дийцаре долушехь Дуьненаюкъарчу Олимпийн Комитетан куьйгалхочуо Бах Томаса оцу сохьта цунна дуьхьал шен аз айдаро а.
„Бойкот боху дош цу кепарчу спортан даздаршца данне а доIуш дац. ХIунда аьлча футболан чемпионат – иза къаьмнашна юккъехь тIайнаш дохку хилам бу“, - элира цуо, чемпионат дIаяхьаран бакъо Оьрсийчоьнера схьайоккхур ю бохург аьтте а ца дуьтуш.