Шина миллионе кхаьчний те нохчий?

Нохчийчоь --бер динчу зудчун марзхой баьхкина иза дIайига, Соьлж-ГIала, Кадырова Айманин цIарахчу дарбан цIенна хьалха, Чиллан-бутт, 2015

Нохчийчуьра ши гIала – Гуьмсе а, Устрада-ГIала а билгалъяьккхина социологаша Оьрсийчохь уггаре дукха бераш дуьненчу довлуш а, уггаре кIезиг нах леш а меттигаш ю аьлла.

ТIаьххьарчу хенахь саццаза дуьйцуш ду бес-бесарчу интернетан зорбанашкахь, телевизионехула, дуьненчохь бевзаш болчу Iилманчаша а цхьаьна Оьрсийчуьра демографи кхерамехь ю бохуш.

Дуккхаъчу говзанчаша а, политикаша а чIагIдарехь, цу пачхьалкхехь «демографин бохам» бу кхерсташ. Цуьнан билгалонаш муха ю аьлча, уггар хьалха бахархоша шайн гIаланаш дIатийсарца, баларш совдийларца, бераш дуьненчу довлар лахарчу низамехь хиларца.

Карарчу хенахь Оьрсийчоьнан бизнес канало (РБК) бина шатайпа болх, пачхьалкхехь долчу демографин хьал толлуш. ДIайовш йолчу гIаланийн цIераш могIарехь билгалъяьхна цо. Коьртехь ю Самара, Саратов, Нижний Новгород, Пермь. Оьрсийчоьнан ши бIе сов гIаланашкахь дисинарг 25 процент бен дац адам дахначу шарахь.

ТIаьххьарчу кхаа шарахь дуьненчу довлучу берийн терахь лешболчел а лакхара делахь а, тахна а тидамехь ду гIаланашкара кхечу пачхьалкхашка дIаоьху бахархой вуно дукха хилар.

Бераш дуьненчу довлар хьалха шерашкахь хиллачу бараме хьаьжча, мел а лахара ду, ткъа баларш алсам го кегийчарна юкъахь къаьсттина.

Орьсийчоьнан бизнес каналан гайтамашца, Нохчийчуьра Устрада-ГIала ю пачхьалкхехь адамаш алссам тIекхиарца хьалхара меттиг дIалоцуш. Масала, адам дуккха а дебарца юста мегар ду Устрада-ГIала дуьнентIехь нах кхиар уггаре а лаккхара долчу Африкерчу мехкашца.

Ишта билгалйоккху талламчаша Гуьмсе, Хьалха-Мартана, ГIалгIайчуьра МаьлгIабек а.

Дукха хан йоццуш социолагаша кхайкхийна Оьрсийчуьра уггаре къен а, таронаш алсам йолу а итт гIала. Къен лоруш ю Тольятти, Астрахань, Пенза, Волгоград, Саратов, Ростов, Липецк, Барнаул, Набережные Челны, Воронеж.

Ткъа массарел а дика таронаш йолу гIаланаш ю Владивосток, Москох, Екатеринбург, Казань, Тюмень, Краснодар, Петарбух, Оренбург, Иркутск, Новосибирск. Юкъаралехь йоккха гIовгIа яьллера жамIаш интернетехь гучудевллачул тIаьхьа. Ткъа къен ю аьлла цIерш яьхначу гIаланийн Iедалерчу векалша шеконе дехкинера терахьаш.

ХIунда ю дийнна пачхьалкх адамех лилхайолуш? ХIун дан деза хьал хийцархьама? Оцу хеттаршна жоьпаш карийра Маршо Радиона Демографин, миграцин институтан тергамчийн кхеташонан куьйгалхочо Павлов Николайс динчу къамелехь.

Павлов: «Демографин кризис йолаелла 50-гIа шераш чекхдовлуш, 60-гIа шерашкахь бераш дар лахара дара. 70-чу шерашкахь пачхьалкхо массо бахьанаш леладора хьал тодан. Гушдерг муха ду, Оьрсийчохь деха тайп-тайпана къаьмнаш.

Масала, нохчий схьаоьцур вай, церан цхьа а проблемаш яц демографин, адамаш дебаш ду, шорлуш ду церан къам, иштта гIалгIайн, дагестанахойн, тувахойн. Якутийн а бац сингатамаш. И къаьмнаш кхуьуш ду. ГIезалойн, башкирийн юккъера хьал ду.

Ткъа оьрсашна, тхуна, юкъахь хан хене мел йолу алсамдуьйлу баларш - иза къоман иэшам бу. Демографин бохам бу тхуна тIаьхь лаьтташ. Масала, кху карарчу шарахь дуьйна оьрсашний, кхечу къаьмнашний юкъахь хир ю йоккха башхалла.

Муьлххачу демографна хууш ду и хир дуйла. Цхьанна а ца лаьа проблема ерзорехь бух ботта. ХIунда ца йо кханенан ойла? И хаттар ду тахана лаьташ. Массеран а багахь дерг: петар, алапа, берийн ахча, и коьрта хета массарна а».

Маршо Радио зIене елира демографин хьал лакхарчу тIегIанехь хиларца билгялъяьккхинчу Нохчийчуьрчу Устрада-гIалин валар-висар, яхар-ялор чоьте оьцучу хьукматан куьйгалхочуьнца Усманова Мархица. Цо доккхачу хазахетарца тIеийцира оха баьккхина кхаъ.

Усманова: «Хаза хийти тхуна тхаьш хьалхарчу меттехь хилар. Вайна дика долуш х1ума ду-кх и, бераш совдийлар, баларш к1еззиг хилар а. 1.700 сов бер дуьненчу даьлла дахначу шарахь, ткъа белларш бу 185».

Маршо Радио: Ткъа и бераш совдийлар бух мичахь го хьуна, стенах ду аьлла хета хьуна?

Усманова: «Суна схьагарехь вайн дахаран некъ тобалар, Нохчийчоь хаза хилар, бер дига меттиг хилар, тоххара кхечу г1аланшака д1асадахар нисделча хьаьгара, тхан бераш дига-м яц меттиг олий. Х1инца бераш дига меттиг ю, бераш кхобург луш ахча а ду, ненан капитал ду. Массо аг1ор таронаш йолу дела, деш хир ду-кх бераш».

Гуш долчу терахьаша Оьрсийчуьрчу юкъарчу суьрте хьаьжча Нохчийчохь демографи дикачу хьесапехь гуш хиларо тешаво нохчийн къоман хиндерг б1аьрла хиларх.