ГIирмерчу бахархошкара хьал вуно доьхна ду

Шо хьалха Оьрсийчоьно шен долаерзийначу ГIирмерчу бахархошкара хьал вуно доьхна ду, аьлла дIахьедина Туркойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министра Чавушоглу Мевлюта. Литувахь пIераскандийнахь ша еллачу пресс-конференцехь цо элира: «Къаьсттина кIизаллина буха нисбелла ГIирмера гIезалой».

Кестта Туркойчоьно цига адамийн бакъонашна тергоен нах бохуьйтур бу, бохура Чавушоглус. Дукха хенахь дуьйна латтайо Туркочоьно ГIирмерчу гIезалошца зIе. «Туркойчоьно йохур яц Оьрсийчоьнна духьал санкцеш, Малхбузено санна, амма «цкъа а къобалйийр яц анекси», элира Туркойчоьнан векала.