Украинехьа болу нохчий

Украинехьа тIемаш бечу нохчийн Дудаев Жовхаран цIарахчу батальонан эмблема

Украинера тIом шина кепехь туьду нохчаша. Соьлж-ГIаларчу Iедало тIекарлойо Донбассерчу сепаратисташна. Шайх «кадыровхой» олу нохчийн герзахой а бу цаьрца. Цигарчу хьоло къастабо Оьрсийчуьрчу демократин а, нохчийн маршонан а кхоллам, аьлла хета Украинехьа долчу нохчийн кхечу декъанна.

Оцу шолгIачу декъан векалш бу Украинан цхьаалла къовсучу эскаршлахь. Киевехь шо сов хьалха гIаттаман болам оьккхушехь, Украине бахара шайн къоман маршоне шаьш а сатуьйсу нохчий.

Мохьмад – иштта аьр вай цунах, кхеташ долчу бахьанца бакъ цIе хьулъеш – Майданехь дуьххьара цIий Iеннашехь, кхечира Киеве. Уггаре хьалха, ша протестхойн могIаршна тIе ма кхеччи, цо яьккхина гIулч яра цуьнан хиндерг къастош – кисинара хьала а даьккхина, халкъана хьалха шен ша Оьрсийчоьнан вахархо хиларан тоьшалла-паспорт дагийра цо.

Your browser doesn’t support HTML5

Мохьмад: Ас дагийра сайн паспорт...

ТIаьххьарчу ткъа шерачохь гарабовлуш нисделла Нохчийчуьрчу Iедаланний, могIарчу бахархойнний политике болу хьажамаш, мехкашца лелочу гергарлонийн хатI харжар.

Соьлж-ГIаларчу Iедало тIекарлойо Донбассерчу сепаратисташна а, хьалхо Оьрсийчоьно дуьненан низамаш а талхош, долаерзийначу ГIирмерчу хьакамашна а, емалйо шен мехкан цхьаалла къуьйсу Украина.

Ткъа вуно дукха бу мехкан администратора Кадыров Рамзана хаьржина некъ харцбен нохчий а. Церан дакъа ду Украинан эскаршца цхьаьна Донбасс Оьрсийчоьнах дIа ца кхтийтархьама тIемаш беш а, Киеверчу политикашна гIодан бахана а. Царех ву Мохьмад.

Your browser doesn’t support HTML5

Мохьмад: Украинахошна хазахета тхо шайца долуш

Нохчийчохь тIемаш лаьттинчу шерашкахь дукха нахана дагадогIу Украинан парламентан декъашхой а, могIара бахархой а Оьрсийчоьно шайн махкаца лелае харцо емалъеш хьийзинийла.

Масала, цкъа а дицлур дац 1995-чу шеран бIаьста Веданан лаьмнашка, тIемашкахь лаьтта нохчийн бIаьхой болчу, молханаш а, кхача а бохьуш, Киевера депутаташ бахкар а, цара нохчех дог а лозуш, хIетахь, шаьш цIабахча, дуьнене орца а дохуш, Кремло Нохчийчохь лелаен харцонаш Iораяхар а.

Ткъа муха хир бу нохчаша украинахошна буьтунболу, хенан йохалле буьйшур болу дагалецамаш? Уьш а хила тарло-кх шина кепара, цхьаболчу нохчаша Украинана дуьхьал тIемаш барах а, кхиберш цуьнгахьа леттарх а тоьшалла деш...