Некъан инспектор воцуш яц-кх меттиг!

Некъан низам лардийраш

Мел жима бахьана даьлча а, гечдар доцуш, некъахь машенашца леларш сецош, гIуданаш детташ, цаьргара машенаш дIайохуш, некъан низмам чIагIдеш, каде хьийза кху деношкахь Нохчийчуьра некъан испекци. Къаьсттина цатовриг ду нахана полисхоша, юьхь а йохуш, шайга ден къамелаш.

Карабеъна бутт болабелча ницкъаллин структурашца дIаехьначу кхеташонехь махкахь некъахьовзамийн терахь лакхадаларца доьзна мехкан куьйгалхочо, телевизионехь гайта а гойтуш, белхан эвсаралла лакхаяккхаре вехна, некъан низам лардечу урхаллин хьаькам.

Цо хадам боллуш дIахьедар дина: «Лампанаш латийна а, доьхканаш дIатийсина а доцуш вогIу некъахочуьнга машен гIуданан лоттийле дIахIоттаяйта».

Пачхьалкхан низамца нахера машенаш схьаяха мел бакъо яцахь а, цо аьлларг шайна ма-тов кхета а дина, хIетахь дуьйна, тIех каде, йоккхачу жигараллица воьду-вогIург сецош, гIуданаш детташ, машенаш чоьхьарчу гIуллакхийн урхалле дIакхуьйлуш, къардайна хьийзабо некъан низам лардан декхарийла болу полисхой.

ГIуллакх мел гена даьлла аьлча, цара лампа летта яций, доьхка тесса даций бохуш машенаш сецо йолийна ур-аттал ярташкахь долчу, наггахь бен машен ца йоьдучу кегийчу урамашкахь а.

Цу хьокъехь дуьйцуш ву Теркйист кIоштера Эльмурзаев Зайнди. «Сан белха меттера федералан боккха некъ 80 метр белахь кхин гена бац. Машен юха а яьккхина 20 метр ваьллехь кхин гена ца ваьлла со сацийча. Бахьна лампанаш а, доьхка а».

Со чехка воьдуш а вац, боккхачу некъа тIе ваьлла а вац бахар эрна хили. Со шайн ден хеннара волушшехь, схьадеш юьхь йоцуш къамел ду, машен дIаяийта олий кехаташ а дIахьо.

Со тIаьхьаваха, машен дIахIоттаяйти низамхойн керта. Бакъо хилар-цахилар чоьте оьцуш а дац. Iедалдас аьлларг кхочуш деш ду шаьш бах.

«Iедалдас, ярташкахула дуьйла а луш, нахана тешнабехк, ямартлонаш е боху шуьга? Кегийра некъаш а тидам-тергонехь а латтош нахана гIуданаш детта боху шуьга Кадыровс ? Шу хIун бакъо ю машенаш дIаяха?

Ишта хетттарш хIиттича луш долу жоп а ду шалхо йоцуш: «Реза дацахь, пуркаратуре арз дан деза-кх». Массарна а хууш ма ду прокуратурехь леткъам бан вахнарг, тергал дIа ца вой.

ХIара тIаьхь-тIаьхьа гена долуш долллу, лартIа догIучу меттана. ДIасадиттина-а, машенан чехкалла жимма сов яра аьлла, 500 сом гIуда а тоьхна, мукъавалийти со. ХIара кхузахь дерг мел акхачу махкахь а хуьлийла а дац». Цу кепара дуьйцура полисхоша лелочух теркхочо Эльмурзаев Зайндис.

Низамхоша бух болуш а, боцуш а бечу харц тIеIаткъамна гIайгIанечу ладегIамехь кхобуш бу кхечу кIошташкара бахархой а. Кху деношкахь шен доттагIчуьнца нисделлачух дуьйцуш ву Новр кIоштера Гилани.

Гилани: «Ишколера, ламаз карла а доккхуш, цIа ван ваьлла сан накъост боккхачу некъа тIе а кхачале саца а,вина, дIа вигина хьийзийна, токхамаш байтина. Дош ду иза? Мел цатору гIуллакх эцна водахь а, лато езаш ю лампанаш, дIавехка веза ша?

Кадыровс доьхка тесна дацахь, машен схьаяккха аьлла боху. Ой, федералан некъа тIехула вогIуш а велахь, цо некъабакъо а талхийнехь схьаяккхахь, мел и яккха йиш яцахь а. ХIун ду лелориг, мича кхача гIерта? Кадыровс нах дехьа-сехьа а ма бовлийта, дIаса а ма бахийта ма ца баьхна цаьрга.

Цо и аьлча, кхара-м тоьпаш а еттар ю, суна хетарехь. Цхьанхьа а ма дац кхузахь дерг. Кху чохь лелаш дерг хIун низам ду-те? Цхьа низам дан а дуй те кху чохь болх беш аьлла хета-кх суна а, нахана а».

ХIинцца кху деношкахь.Къилбера,Тюмен кIоштера 5 эзар чакхарма некъ а бадийна цIа веъна тхан юьртахо, ДегIастана ГIизлар гIалахула а ваьлла. Оццул некъ тоьхча цкъа доцург сацийна вац ша боху цо, ткъа кху Нохчийчохь 5-6 саца а вина латтийна. ХIара хIун ду суна-м ца хаьа».

Некъан низам лардечу полисхойн хьокъехь къамел динчу Гиланичух тера дог-ойла ерш, чот йоцуш дукха бу Нохчийчохь. Дестийна ала а доцуш цаьргахь, бахархошкахь хаза нехан санна гIело яллайо некъаца а, юкъараллехь а церан синтем а, къепе лардан декхарийла болчу низамхоша.