Футбол юьхьIаьржахIоттийнарш бу лоьцуш

FIFA

Даханчу кIиранах дуьненан Футболан Федерацин гонаха яьлла коррупцица йоьзна скандал а йолуш, юха а президент хаьржинера Блаттер Йозеф. Шинари суьйранна цо, массо а цецвоккхуш, ша шен даржера дIаволу аьлла дIахьедар дина.

Шинари суьйранна Швейцарерчу Цюрихехь цIеххьана схьакхайкхинчу пресс-конференцехь дуьненан Футболан Федерацин, доцца ФИФА, куьйгалхочуо Блаттер Йозефа цхьанна а дагахь а доцу дIахьедар дира. Ша шен дарж охьадуьллуш ду элира I998-чу шарахь дуьйна цу цхьаьнакхетараллин президент волчу Блаттера цхьа а кхин хаттар дала бакъо шайна лур йоцийла дIа а хаийтина гулбинчу журналисташка.

„ФИФАн куьйгаллехь айса бинчу белхан жамIаш дина ас. Кху дуьненчохь суна уггаре а дукхаеза и цхьаьнакхетаралла, цунна дика мел долу хIума хилийта а лаьа суна. Сайн кандидатура ас рогIерчу харжамашка йиллинера, хIунда аьлча иза дуьненан футболанан гIолехьа йолу вариант хилар со тешна хиларна.

Амма харжамашкахь со тоьллехь а, хетало, дуккхаъчу наха сан мандат а, сан толам а къобалбеш бац аьлла. Цундела ас ФИФАн конгресс гулор ю, суо кху даржехь хийца стаг лахархьама“, - элира Блаттера шен доццачу вистхиларехь. Цуо иштта билгалдаьккхира, Футболан Федерацин керла президент харжалца ша шен декхарш кхочушдийр ду аьлла.

Тамашийна а дац, доллучу дуьнентIера футболйезархой а, тергамхой а цу дIахьедарах цецбевлла хилар. Диъ де бен ма дац, шена а, ша куьйгалла дечу ФИФАна гуонахьа коррупцица йоьзна Iаламат йоккха гIовгIа яьржиншехь, дуккхаъчу тергамхоша харжамашкахь дакха ма лацахьара бохуш шега кхайкхамаш бешшехь, Блаттерс, къар а ца луш, ша президент харжийтина.

ХIун хила тарло цу деа дийнахь Блаттерна гуонахь? Хьан я стев сел боккха тIеIаткъам бина хилар тарло цунна, оццул дезаш къевсина долу дарж цуьнга охьадиллийта? И хеттарш шех „хи буха ца воьду Зепп“ аьлла цIе дIаяханчу Блаттера ша дIавалар довзийтича дуьйна дукха наха деш ду.

Советан заманчохь Соьлжа-гIаларчу «Терк“ футболан тобанехь ловзуш хиллачу спортхочунна Сатуев Адамна хетарехь, шена сел дезаш долу президентан дарж Блаттера шен лаамца охьадуьллур дацара, шена боккъал а ФИФА куьйгаллера коррупци толлуш болчу Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Швейцарин а Iедалхошкара цхьа кхерам ца хилча.

Сатуев: „ФИФА коьртехь ша яьккхина йиъ хан кIезга хеташ санна, ша воккха хиларе а ца хьоьжуш, Блаттерс ша пхеалгIачу ханна юха харжийтина диъ де бен а дацара. Европера Футболан Федараци а, инзаре дукха нах а бара цунна дуьхьал, амма хIетте а, шена болчу цхьаьна пайденна цу даржехь висира иза.

ХIинца цо и дарж охьадиллар, суна хетарехь, шена Iедалера цхьа кхерам а хилла, цунах кIелхьаравалархьама дина ду цуо. Амма цхьа Блаттер дIаваларх хийцамаш хир бац, цигахь цара 20 шарахь герга йоьттина йолу система цхьана стаго кхоьллина яц, цуьнан го цIан ца бахь, хийцалур долуш дац и хьал. Цара лелийна хIумнаш бахьана долуш миллионаш нахана оццул дукхадезаш хилла долчу цу футболах ловзарх дукха нехан чам байна“.

Блаттер Йозеф даржера дIаволуш хиларо Малхбузерчу тергамхошкахь сатийсам алсамбаьккхина, хIинца-м 20I8-чу Оьрсийчохь дуьненан чемпионат дIаяхьа бина хилла болу шеконечу хьелашкахь тIеэцна сацам юхалуьстур бу бохучуьнга. Цхьацаболчара янне а альтернативан фемпионат вовшахтоха еза 20I8-чу шарахь кхечу пачхьалкхеъь боху ойла а юккъеяьккхина.

Масала, Европерчу Футболан Федерацин комитетан декъашхочуо ХIансен Алланна хетарехь, Оьрсийчуьрчу чемпионатана бойкот а еш, альтернативан чемпионат дIаяхьаро бен аьтто бийр бац, ФИФАна реформа ян.

Сатуев Адамна а хета, Блаттеран а, ФИФАн а кхолламехь керлачу голатохаро Оьрсийчоьнера футболан чемпионат дIаяхьа бакъо дIаякха хIинца керла аьттонаш схьабиллина, аьлла.

Сатуев: „Дуьненан футболан чемпионат Олимпикийн ловзарел а сий долуш ду спортан дуьненахь. Ткъа и ловзар 20I8-чу шарахь дIадахьа бакъо Оьрсийчоьнна елира цара, цигахь цу хиламна оьшуш болу аьттонаш ца хилар а, хьелаш ца хилар а, цхьа а инфраструктура а, некъаш а ца хилар теграл а ца деш.

Цундела шеконаш ю нехан, Оьрсийчоьно, ша ишттачу хьелашкахь деш ма-хиллара, цхьа кхаъ я бол белла, и бакъо эцний теша аьлла. ХIинца Блаттер дIавалар бахьана долуш, и сацам муьлхачу хьелашкахь тIеэцна бара бохург толлур хир ду, теллича цигахь къепедацарш гучудовлахь, там бу аьлла хета суна, Оьрсийчоьнера чемпионат дIаяхьа бакъо дIаяккха“.

Цу юкъана Блаттеран гергарчу гуонера Футболан Федерацин куьйгалхошна дуьхьал керла-керла бехкталламан гIуллакхаш схьадоьллуш бу Iедалхой. Шинари а, кхаари а деношкахь гучудаьлла ма-хиллара, ФИФАн инарла секретар волчу Валке Жерома масех шо хьалха къепенца а доцуш, I0 миллион евро тессина хилла коррупцина бехке а вина лаьцначу ФИФАн вице-президентана Уорнер Джекан.

Цу ахчанца Къилба Африкехь 20I0-чу шарахь дуьненан чемпионат дIаяхьа харжам барна тIеIаткъам биний техьа толлуш бу Швейцарера полисхой.

Цул совнаха, Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу ABC телеканало чIагIдарехь, шена, Блаттерна дуьхьал а схьадиллина Iамеркерчу Талламийн Федарала Бюроно а, юстицин министралло а коррупцин хьокъехь бехкталламан гIуллакх.