Дебаш бу Нохчийчохь тутмакхаш

Тутмакх

ТIом бахьанехь масса вахархо вийна, вайна доьза Нохчийчохь? ТIеман бахьанех масса нохчий набахтешка хьажийна, кхелашна хьалха а хIиттош , я ца хIиттош а? И жоьпаш доцу хеттарш тахана а лаьтта нохчашна хьалха. Ткъа тIемаш бахьанехь-м тахана а бу нах набахтешка хьежош.

Кху Мангалан-беттан 3-чу дийнахь мехкан Лакхарчу кхело вуно яккхий хенаш кхайкхийна пхеа вахархочунна. Уьш бу Янаев Iиса, Аюбов Илес, Арсанов Анзор, Товсултанов Шамал, Уматгириев Ислам.

Царна бехке диллинарг ду полисхой байар биста кхаччалц цхьа могIа деза, къиза зуламаш дар. 2012 шеран Iай зуламхойн тоба вовшахтохарна куьг бехке а лерина 25 шо хан тоьхна Янаев Iисана. Цуьнан хьалхара гIоьнча а, накъост а хилла аьлла, цунна санна ницкъалчу хьелашка такха 24 шой исс бутт хан тоьхна Арсанов Анзорна а.

Цхьанна ворхI шой ялх бутт, вукхунна ворхI шо, кхечунна 3 шо хенаш тоьхна висинчу кхаанна а. Талламхоша чIагIдарца кхидолу зуламаш доцуш цу пхеамма 2012 шеран аьхка Марс хьокхучу -беттан 17 дийнан суьйранна Iалхан-Кала эвла чубоьдучу новкъахь, сов эвхьаза герзаца тIелатар а дина вийна Башкортостанера веъна кхузахь цхьана ханна гIуллакх деш хилла виъ низамхо. Тохар динчара дIадехьна хилла цаьргара табелан герзаш а.

Мехкан Лакхарчу кхелан хьостано Iора ца доккхуш дитина йиначу кхелана гергарниш буххера дуьйна а реза цахилар а, уьш федералан тIегIане кхаччалц нийсо лаха дагахь хилар а. Оцу девнан хьокъехь царна хетарг гIардаьккхина «Кавказан узел» газето.

«Кхайкхийнарг харцонна бух тIехь къиза кхел ю. Бехке лоручаьрга ницкъ беш,гIело яллош даре дайтина цадинарг дина бохуьйтуш. Цу хьокъехь оха хьалха а дийцина ма-дарра, амма суьдо тхан леткъамаш тергамза битна. Мичча дахна а тхо нийсо,бакъо толийта хьовсур ду». Ишта мукIарло дина Лакхарчу кхело бинчу сацамах, шен цIе йоккхийла ца лиъначу цхьана гергарчо.

Нохчийчохь хенаш нийса туху я ца туху бохург шакъаьстина хаттар хиларна иза жоьпаза а дуьтуш ала ду, тIамца доьзна таIзарш дар кхузахь кест-кеста нисдалар. Чекхбаьллачу беттан юххьехь луьрчу хьелашкахь чохь яккха 7 шо хан а тоьхна, набахте хьажийна Мигаев Мохьмад цIе йолу вахархо. Цунна бехке диллинарг ду итт шо хьалха Хьалха Мартанан кIоштан Рошни Чу эвлана тIелатар динчу гIаттамхойн могIаршкахь хилар.

Талламхоша дийцарехь хIетахь вийна кIоштан тIеман комендант Каяк Александар а, кхин а виъ эскархо а.

Хенаш а етташ тутмакхийн могIарш дебош болчарал а дукха бу тIемалой аIгончаш бу бохуш лоьцуш берш. Полисхойн урхаллин хьостано кхайкхорца кху беттан кхаа-деа дийнахь лаьцна уьш масех.