Чумаков Хьамзата кехат дахьийтича Путине...

Гоьваьлла гIалгIайн шайх Чумаков Хьамзат

Масех де хьалха Несар-Коьртерчу маьждигехь даьлла долу дов, ГIалгIайнчоьнан дозанел а арадаьллера. Iедалан тхвокIело йолу муфти Хамхоев Iийса Чумаков Хьамзат имам волчу маьждиге а вахана, иза дIа а ваьккхина, рузба ша дайта гIоьртинера.

Хьехам боьдучу хенахь, хьалхарчу могIанашка а вахана, суннат ламаз а дина, имам волчу агIор тIеволавелира иза, цуьнгхьа куьг а кховдийна. Цигахь хиллачу тасадаларехь муфти а, цуьнан накъостий а, цхьаболучарна тоха а тухуш, арабаьхнера оцу маьждигера.

И зулам хилчул тIаьхьа, маьждиге Iедал а деъна, цигахь къепе хIоттийра. Амма оцу тайпа хиламашна тIаьхьа, кхин а чолхедерш хила Iаьмма дела, юккъаралла сингаттаме яра гIалгIаша вовшашца тIом болорна.

Оцу доьвнан шина а агIоно дIахьедарш дира бехк шай-шай бацара бохуш. Чумаков Хьамзата полице а, прокуратуре а кхайкхам бира, бехке волу муфти Хамхоев Iийса жоьпе озаве аьлла.

Жимма Iийна, гарехь цуьнах тоам ца хеташ, цо кехат яздина Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире а, федералан кхерамазаллийн урхаллан куьйгалхочуьнга Бортников Александре а, Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкине а, чоьххьарчу гIуллакхийн министре Колокольцевга а. Цо дехна, нах вовшах а леташ, герз а детташ, питан дина берш жоьпе озабе аьлла.

Iедална даиманна луьйчу имама Чумаков Хьамзата Путине орцах валар доьхуш, кехат яздина аьлла хезча, гIалгIайн Iедалшка комментарий еха хIоьттира дукхахболу хаамийн гIирсаш. Цаьрга дIахьедар дира, Кремлерачу администрацехь республикан Iуналла дечу стаге, хиллачуьнах шаьш хаийтина аьлла. Иза бохург, юккъараллехь хетарехь, кхин хIума дац, Оьрсийчоьнан Президенте Чумаков Хьамзатера кехат дIакхаьчна хилар бен.

Несар-Коьртерачу маьждигехь и дов даьлча дуьйна, гIалгIайн юккъаралла ша меттах баьккхина зIуган бен санна бара. Дукха нах кхерабеллера, гIалгIай вовшех латарна. Амма республикан Iедалша, хьекъале гIулч яьккхира, и дов кхин дIа а ца дахийта. Евкуров Юнус-Бека Чумаков Хьамзатаца цхьанакхетар а дина, питан динарш емал а беш, цуьнга шен болх кхин дIа а бе, аьллера.

ГIалгIайн махкара Iедал бахархошца кIеда хилар ду и дов иштта дерзор, аьлла хета Несар-гIалахь вехачу Индербиев Хьасанна. Чумаков Хьамзатан агIончаш дукха хиларан бахьана а дийцира цо.

Индербиев: «Мелла а Iедало гIело йина волу стаг, Чумаков Хьамзатан хьехамашка ладогIа воьдуш хуьлу. ХIунда воьду? Нахана там берг цо дуьйцу. Цо хIун боху, ахча а ма лачкъаде, коррупци а дIаяьккха боху. Нохчийчохьчул а, ГIалгIайн махкахь долу Iедалша кIеда ду шай бахархошца. Низамехь таIзар догIуш делахь а хьийза ца во, иза гена ваьлла ца хилчхьана».

Нохчий а, гIалгIай а цхьа къам а лоруш, луларчу мехкашкахь бехаш белахь а, вовшех къаьста цигахь долчу хьелашца, аьлла хета Индербиев Хьасанна. Нохчийчохь цхьана стага тIелаьцна и мел долу жоьпалла, ткъа гIалгIайн махкахь Iедал нийса бIостанехь кIеда ду нахаца, элира цо.

Индербиев: «ГIалгIайн махкахь кхечу агIор ду-кх ша дерриг. Нохчийчохь имам муфтис бохург деш вацахь, тухий чуьра аракхуссу, муфтина етта а етташ дIавоккху. ГIалгIайн махкахь иштта дац. Имамана тIаьхьа хIотта нах белахь, кхузара куьйгалхо а озало, шена тIом ца беза дела. Нахана юккъера барт бохо ца лаьа кхузахь».

Несар-гIалахь рузба дечу хенахь маьждигехь хиллачо, шена тIе тидам бохуьйтуш цхьа хIума билгалдаьккхина. И дов долийначу муфтис Хамхоев Iийсас, хутба дечу Чумаков Хьамзате вистхила гIерташ вара аьллера. Ткъа дешначу нахана хууш ду, хьехам бечу хенахь, иза юккъахь ца воккхийла. Иза хуучу муфтис, Iадатехь ма доггIу ша тIевеъча, хьала ца гIаьттира имам аьлла.

Дин а, къоман гIиллакхаш а Iоттаделлачохь даьлла долу дов, хIинца дIадерзи, оцу шина хIуманца гена волчуьнга кехат яздинчул тIаьхьа.