«Болатан Феликс» юхавогIуш ву

Оьрсийчоь --Москох Дзержинский Феликсан 137 шо кхачар дагалоцуш гулбелла бахархой, 11Мар2014 11 September 2014

Москох магийна Лубянкин майданахь Дзержинский Феликсан хIоллам меттахIоттор къастош референдум дIаяхьа. Къайлахчу полицин ЧК-н коьртехь къизаллица гоьваьллачу «болатан Феликсан» сийдеш, хIоллам юхаденбар хатта луурш бу коммунисташ. Оцу хьокъехь ю Маршо Радион корреспондентан Балмфорт Томан артикл.

Къайлах болхбен полици - ЧК - кхоьллинчу Дзержинский Феликсан массех метр лекха лаьтта хIоллам бохош, 1991-чу шарахь Оьрсийчоьнан халкъашна чекхъели аьлла хетара Iазапе зама.

Амма халкъ Дзержинскийн сий айдаре кхойкхучу коммунисташна иза веза ву. Цара Москох цуьнан хIоллам меттахIоттор къовсуш лаьцна Iалашо герга ю кхочуш хила.

Хьалхо ша хIотто ца магийна референдум шахьаран харжамийн комиссино хIинца хIотто магош ю. ТIедогIучу кIиранах цуьнан сацам я тIечIагIбийр бу, я юхабоккхур бу гIалин думано, хаамбо РИА Новости агенталло.

Нагахь санна Москох-шахьаран дума референдум дIаяхьийта реза хилахь, 28 де хир ду компартин хIоллам меттахIоттор къобалдан оьшу 146 000 кхаж нахера гулбан.

ХIинца дуьххьара хьахош а дац Лубянкехь Дзержинскийн хIоллам меттахIоттор. Советан Iедал доьхначул тIаьхьа дукхазза а гIиртина иза дан компарти а, цуьнца бертахь болу баккхий хьаькамаш а, шайлахь Москох мэр лаьттина Лужков Юрий а тIехь.

Оьрсийчоь шина декъе йоькъу цIе ю «Дзержинский».

1917-чу шарахь яьккхинчу революцехь «цIен террор» олу таIзарийн болам гIатторца, вуно дукха адам къиза хIаллакхдарца чIагIъелла Советан пачхьалкхехь ЧК полици. Хан-зама яьлча цунах НКВД аьлла, юха – КГБ, ФСК, ФСБ.

Федералан кхерамзаллин урхалла – ФСБ – хIинца а ю оццу Лубянкин майданахь. 30 шо сов лаьттинчул тIаьхьа дIабаьккхинчу хIолламан метта хIоттийра Советан Iедал доьхначу 1991 шарахь шен набахтешкахь миллионаш нах хIалакбарца евзачу Соловецкий гIайритIера беъна чхар.

Карарчу хенахь Дзержинскийн хIоллам лаьтта Москва-хин йистерчу цхьана музейхь.

ХIоллам меттахIотторна дуьхьаллаьтташ а дукха нах бу. Делахь а, социологаша 2013-чу шарахь бинчу хаттамаша гойту Дзержинскийна сийдойла лууш Оьрсийчохь ах бахархой буйла.

Стохка гурахь Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран омрица тоьллачу полицин декъанна меттахIоттийна хьалха а йоккхуш хилла «Дзержинскийн дивизи» цIе.

Коммунисташа хIоллам меттахIоттош айбинчу боламца богIу кхин цхьа барам а – 1000 шо хьалха керста дин оьрсашка кхачийначу Владимир-паччахьна хIоллам хIоттор. Цунна меттиг билгалъяккха гIерта жигархой, амма цкъачунна ца къастаелла иза. Цхьаболучара Владимир латта веза аьлла хета Лубянкин майданахь Дзержинскийн меттана. Шатайпа къовсам бу шина хIолламца боьзна.

Цхьаболучарна Советашна къайлах полици кхоьллина Дзержинский веза хета керста дин даржийначу Владимирал а. Ткъа вукхара оьрсех цивилан къам динарг а лоруш, вазво «Киеван Русан» паччахь.