Зударий а белхош кхиочу демографино ирсе дой-те къам?

Polygamist

Деношкахь "Интерфакс" агенталлаца къамелдеш Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана юха а хьахийра шен махкахь божаршка шиъ я кхоъ зуда ялор хила торуш а, къобалдеш хIума а ду, аьлла.

ШарIо боьршачу стагана магадо зудчунна тIе зуда яло, бохуш, шаьш шайна дахаран некъ маьршабаьккхина хьийза тахана нохчийн дуккха а къонахий.

Ткъа гонахара бусалба къаьмнаш тергалдича, церан божарийн дац дахар оццул зовкхедаьлла. Наггахь бен а ца хаало зуда йолчу стага шолгIа зуда ялош. Динца гара-м ца бевлла-те уьш? Мегаш дуй-те къонахчунна ши-кхо сесаг йоцуш ваха? Я нохчаша динан некъ массарачул а нийса схьабохьу-те?

... Уьш бегаш бу. Ткъа зударий дакъазабахар, царна тIехь гIелояр хIуманан меха ца хетарш алссам баьржина, бохуш уггаре дукха хеза нохчийн зударшкара.

ЦIийндас тIе зуда а ялийна, кийра марцаза йисина зуда ирсе ларало хIинца. Ишттачу зудчун берашка а буссу дукха хьолехь нене боьссинарг санна бала – дас зударий ловзор ца дуьсу царна бен-башха доцуш.

Халкъан яздархочун Айдамиров Абузаран ду хIара дешнаш: «Бусалба динехь боьршачу стеган еанга кхаччалц зуда хила магадо бохучух нийса ца кхета нохчий, ткъа Iеламнахана уьш нийса кхето ца хаьа я ца лаьа».

Оццул дуьне бухарчу доьзална тIекIал а тухуш, церан дегнаш а делхош, ялае бохий-те ШарIо шолгIа зуда? Я боьрша стаг и ца ялийча ца Iаш велахь, ялор, бухара важа доьзал лелор муха хила догIу?

Маршо Радио зIене елира Нохчийчуьрчу Iеламстагаца Мохьмадца. Коломна гIалахь пхеаннашна педагогин институт чекхъяьккхина Мохьмада, школан директор а лаьттина, тIаккха 20 шарахь Къоран, ШарI Iамош ваьхна Iаьрба мехкашкахь, цIахь, шен юьртахь веха а ду дуккха а шераш.

Бакъо юй-те боьршачу стагана зудчана тIе зуда ялон?

Мохьмад: «

Дуьххьара 2009-чу шарахь дуьххьара долийра Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цхьаннал сов зударий балор Iедалан низамашца чIагIдан деза аьлла.

Цо иза дузура шо-шаре мел долу Нохчийчохь зударий божарел совбовлуш хиларца.

ХIетахь даьржира хьаькамашлахь зударшна тIе зударийн балош болам.

Йоккха юкъ оцу юкъа ца юлуш, 2011-чу шарахь Оьрсийчуьра веанчу журналистаца интервью ша луш, юха а хьахайо зударийн тема Кадыров Рамзана. Цул совнаха цо дуьйцу, муха хила еза шолгIа зуда – иза, цо дийцарехь, хьалхарчул, аьлча а, тишъеллачул а хаза, куц тоьлла хила еза.

Журналисте гIо доьхуш, бохура Кадыровс, шен зудчал а хазаниг дуьхьалкхетахь, ялор йолуш вара ша, хьайна лелачухула томехь ерг хаалахь, хаам белахь, аьлла.

Тахана шуьйрра даьржина ниIмат ду боьршачу стагна Кадыровс яьккхина маршо -шаьш мискаллехь бохкуш, даржехь боцчу хенахь шаьш карийна балийна тешаме накъостий хилла лаьттина зударий а белхош, уьш буьту я иштта уьш белха а беш, царна тIе шолгIа зударий кхуьлу.

Кху деношкахь «Интерфакс» агенталлана ехха интервью елла Кадыров Рамзана. Алсам хеттарш до журналисто, зударийн тема коьртачех а йолуш.

Шен жоьпашкахь дино, ШарIо 3-4 зуда яло бусалбана магийна ду, боху Кадыровс. Декхар дац, боху цо, амма боьршачу стеган таро, могащалла, аьтто хилча, хIунда ялор яц шолгIа зуда, бохуш, ша-шена жоп а кхачош, хеттаре вуьйлу иза.

ШолгIа зуда ШарIо ма-бохху дола а яьккхина, цуьнца Iар тоьлу, маха база, шен хьалхарчу зудчунна а, доьзална а ямарт а ваьлла, къайлах цхьаьнца волавелла лелачул. Махбазчу зудчо бала бохьу, могашалла талхайо, доьзалца гамво, даима аьшпашца ваха везаш хуьлу, боху Кадыровс.

Массо а Нохчийчуьрчу зударшка церан цIийндайх лаьцна мотт тухуш санна дара къамел. «Гайтийша суна, шайна каравахь, бохура цо, къайлах-къулах, юьстах, масех езар йоцу цхьа стаг мукъане а. Карор вац, воцу дела. Зудчунна тешаме цхьа а вац! ...Зударий ма балабе со бохуш велахь, со бусалба вац, олий, дерзадо Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен къамел.

ТIеман шерашкахь Нохчийчохь лахъелла демографи айъен некъ бу ала тарло Кадыровс хьоьхург.

Амма хаьттиний хетачух лаьцна зударшка? Царна хетарг халкъе дIакхачон шарахь цкъа бен догIуш доцчух тера ду - Гезгамашин-беттан кхоалагIчу кIирандийнахь, Нохчийн Зудчуьн дийнахь...