«Самукъане Бабай» олуш ю Москох нохчочун долара и ресторан. Цигахь хьалал даарш дарал совнаха, дукха хьолехь цуьнан дас сагIийна юург яа а кхойкху нах, ша суьпа адам хиларе терра.
Ифтаре веъначу ахбIе стагах цхьаберш ресторанан ламаз-чоьнехь Далла корта тухуш, вуьйш марха досту миноташ ларъеш Iара пIераскан сарахь.
Цунна дара нохчийн кхачане вайнах гулбалар а. Амма ца яздина хилла бусалба вежаршна кхачанах кхета, я шаьш ламазаш деш лаьттачуьра маьрша текха ховша а. ЦIеххьана туьтмIаьжигашкахь чухьаьлхинчу полисхоша, тухуш-Iуттуш, гоне а лецна, кехаташ теллина, нах литтина шаьш девлча, автобусаш чу а ховшийна дIабигина уьш - 70 гергга стаг -Дорогомиловски кIоштан полице.
Марха дастаза, пхьор даза, кхечу ахбIе шен накъосташца цхьаьна буьйса яьккхира полицехь Ризвана а (оха хийцина цуьнан бакъ цIе цуьнан дехарца). Цо хилларг иштта дуьйцу.
Your browser doesn’t support HTML5
Ресторанехь совцийна, полице бигинчу вайнахалахь могIархой хилла ца Iаш, бу Iедалан белхахой, хьехархо, адвокат, совдегарш.
Мусаев Саламу дуккха а шераш ду Москох веха, иза адвокат ву. Ша иштта дуьтур дац полицино боцчу бехкаца къиза барам шайна тIехь дIабахьар, ша а, шеца лаьцна кхаьбначу кхин масситтаммо а арз яздина Москох полицин куьйгалхочуьнга Якунин Анатолийга, элира Маршо Радиога Мусаевс.
Your browser doesn’t support HTML5
Мусаев: «Царех дукхахболучара, леринчу ницкъийн ОМОНан белхахоша, шаьш Москох полицин буьйранчин цIарах даьхкина бохура. Церан коьртераниг полицин духарца вацара, массо а цуьнга ладугIуш бара, иза ша лийлира ламазан кузаш тIехула мачашца.
Цу тIе, цо боьха мотт а лебора, гуш дара цунна тхо шайх латийта оьшийла, провокаци яра лелош. Царна оьшу конфликт, шаьш арадаьккхинарг низамца дацаре терра, адамаш низамах а дохийна, шаьш лелориг бакъдан.
Уьш жIалица баьхкинера. ЖIаьла машенашчу хьоьжуьйтура, тхох хьожанаш йохуьйтура. Ткъа бусулба стеган ламаз ма духу жIаьла шех хьакхаделча, тIераниг йитта езаш хуьлу, ламаз духу.
Цхьа а ларам бац церан я адамийн бакъонашка а, я бусулба нахе а, я бусулба дине а.
Оха арз яздина и операци айинчу стаге шега – Москох полицин куьйгалхочуьнга. Прокуратуре а яздина, гур ду-кх цара хIун жоп ло».
Бехк-гунахь а доцуш, кест-кеста Москох полицино бусулбанашна бечу тIеIаткъамаша дикане ца кхачабо церан Оьрсийчоьне болу хьажам. Догдоккху пачхьалкхах а, цуьнан Iедалх а. Оцу хьелашкахь кхуьу Кремло экстремизм олу бусулбанийн резадацар а. Дегнашчу Iедале йоьссина гамо а йолуш Дорогомиловски кIоштан полицера цIадахара шаьш, бохуш, дийцира лакхо оха Ризван аьллачу шен цIеяккха ца лиинчу жимчу стага.
Your browser doesn’t support HTML5