НАТО декхаре ю шайн мехкаш лардан

Оьрсийчоьнан Украинерчу агрессина дуьхьаллатта декхаре ю Атлантикан альянс, амма иза гIур яц цуьнца герзийн башхаллаш къуьйсучу хьоле, элира НАТО-н Инарла секретара Столтенберг Йенса Брюсселехь альянсан тIеман министрш гулбала кечлуш. «Тхуна хьашт дац герзийн дикалла къийса, амма декхаре ду тхайн мехкаш Iалашдан, тхан шеко яц Европехь агресси яржорна Оьрсийчоь бехке хиларх», - бохура Столтенберга Украина хьахош.

НАТО-н тIеман министрш лерина бу Европерчу мехкашкара ницкъаш шозза совбахарх долу хаттар дийцаредан. Герзаш совдахар стенна оьшу дуьйцуш, Оьрсийчоьно ца сецийна шен эскарш, герзаш Донбассе хьийсор, элира НАТО-н инарла секретаро.