Брюсселехь Дуьненаюкъарчу кризисаш зуьйчу тобано тептар арахецна Нохчийчоьнах Кадыров Рамзана дечу урхаллах лаьцна. «Москох магош йолчу репрессешна а, гIелонашна а» лаьтта махкара Iедал, машар, боху тептаро. Нохчийчуьрчу хьоло шуьйрачу конфликте кхачо тарло Къилбаседа Кавказ, боху «Нохчийчоь: чуьра хьижрат» цIе йолчу оцу тептаро. Адамийн бакъонаш хьоьшуш а, коррупци лелаш а, кхелашна Iедало тIеIаткъам беш хиларан а иттаннаш масалш ду тептаро далош.
Бахархойн мутIахь бархьама, шайн Iуналла чIагIдархьама Кадыровн гонаша гIелонаш йо адамашна тIехь, аьлла хета эксперташна. Цара чIагIдо, меттигерчу ницкъаллин урхаллех Кремло дола ца ден мохк бу Нохчийчоь, уьш веккъа цхьана Кадыровна бен муьтIахь а бац, бохуш. Эксперташна хетарехь, кризисах регион хьалхаяккхархьама, Путин декхаре ву Кадыров Рамзан шен урхалле эца а, Нохчийчоь низамаш лелачу мехкийн могIара хIотто а.