Биъ бутт хьалха Кремлна гергахь оьрсийн политик-оппозиционер, ПАРНАС партин лидер Немцов Борис вийначийн декъахь хила тарло аьлла Iедало лохуш волу нохчо Мухадинов Руслан дийна воцчух тера ду, аьлла хаамбина «Росбалт» агенталле талламан декъашхоша. «Русик» аьлла хьахийнера иза шен дарешкахь Немцовна тIе герз тоьхнарг хила тарлуш лаьцна, левечу Дадаев Заура.
Цо 25 миллион сом лора политик вуьйриг, бохуш дара цхьа хан хьалха Дадаевс дина мукIарло. Талламчашна Мухадиновн лар ца карайо Немцов вийна кIира даьллачул тIаьхьа йолчу заманца. Иза тешийн могIара воккхуш вийна хила там бу зуламна тIехьалаьттачара, аьлла хьостано «Росбалте». 5 стаг ву Немцов верца доьзна лаьцна, левеш.