Кхелашкахь бакъ а бой, бехк бацарна суьдхоша паргIатбохучу нехан чот ца кхочу 1 проценте а. Оьрсийчоьно шен набахтешкахь бехк а боцуш кхобу эзарнаш тутмакхаш. Лаьттачу хьоло гайтарехь, адвокат оьшуш хьал а дац...
Статистийн хаамашца, Оьрсийчохь шовзткъа эзар сов тутмакх бехк боцуш латтош ву набахтешкахь. Ткъа адвокатийн терахь цул а совъоьккхуш ду - шовзткъе кхойтта эзар адвокат ву Оьрсичоьхь.
Дуккха а бу царлахь цIерш шуьйрра евзашберш, хIетте а денна хеза бехкбоцуш хан кхайкхийна, набахте хьажийна хIара я важа, олий.
Уггар хьалха дахарехь мехаллаш юстуш тергалден ниIматаш ду маршо, нийсо, бакъо, харцо.
Муха дара хьал паргIатонашца итт-пхийтта шо хьалха, мел дика ду тахана? Оцу хаттарна жоп лохуш кхечира Маршо Радио дахначу шерийн иэсе.
Хьерабаьлла боьдуш тIом бу Нохчийчохь. Пятигорск. Ставропол-мехкан кхелехь дов ду хоттуш нохчийн веа тIемалочунна. Къоначу царна гIеметтахIитталц набахтешкахь бахкон хенаш туху.