Дагестанера низамхой тIаме бевлла тележурналисташца

Дагестан - Чоьхьарчу гIуллакхийн министр Магомедов Iабдурашид

Дагестанехь полицино компьютерш дIаяьхьина телевизионера а, радиора а. Прокуратурано а, полицино а хьийзабо лецна бахархой, етта, аьлла эфир арахецарна бехкебо журналисташ. Маршо Радион Къилбаседа Кавказан эксперта Фуллер Лизас арахецна цунах лаьцна артикл.

Диъ шо хьалха Оьрсийчуьрчу Карнегин Центран талламчас Петров Николайс, ша динчу зерашна тIе а тевжаш, билгалдаьккхира, Дагестанан полици, пачхьалкхан системан дакъа ларалуш елахь а, шашаха лела, шеггара нах лоьцуш хьийза, аьлла.

Ткъа кхушара, аьлча а, кху беттан 5-чу дийнахь, полицин сий къовзийначух тера ду Дагестанан телевизионо. Тележурналисташа оцу дийнахь йийцаре йинера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллой, прокуратураной шаьш лецначу нахана етта, цаьргара дареш дохуш, аьлла.

Цул тIаьхьа даьхкинчу деношкахь чоьхьарчу гIуллакхийн министра Магомедов Iабдурашида омра а дина, телерадио урхаллера документаш, компьютерш дIаьхьина полицино.

Кхеташ ду, Къилбаседа Кавказерчу цхьана а телевизионехь журналист ваьхьар воцийла шеггара прокуратура я полици емалъян. Юьйцу эфир кечйинарг а, дIаяьхьинарг а вара Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин эксперт Казак Анатолий.

Дозушдоцчу Дагестанерчу «Черновик» газетан корреспондента Магомедов Мохьмада Маршо Радионе дийцира, оцу эфире журналисташа полицин хьаькамаш а кхайкхинера, амма уьш ца баьхкина хилла, аьлла.

ХIуъа а, мухха а делахь а, телерадио урхаллера яьхна компьютерш, дIадаьхьина документаш.

Оцу хьокъехь журналист а, Оьрсийчоьнан Думин эксперт а волчу Казака яздо шен Фейсбукан агIонтIехь: «Ас догдоху полици, прокуратура нахаца тIех шога хьийзар цхьамма, воккхачу хьаькамо, талларе а, нийсо толаре а».

Дагестанан полицино низамаш дохор дуьххьара дац далхош. Ши шо хьалха полисхойн цхьа йоккха тоба ехха литкъира Москох, министраллехь бозбуанчаллаш лела, коррупци яьржина бохуш. Кхин Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министра Колокольцев Владимира шаьш тIе ца эцча, Москох адамийн бакъонийн тергоечу «Мемориал» юкъараллехь пресс-конференци а елира Дагестанерчу полисхойн тобано.

ХIетахь оцу пресс-конференцехь къамелдинчу дагестанхочо-полисхочо полковника Гаджиев Салахьа шаьш маситтаза арздина шайн министре, амма цо цхьа а жоп а доцуш дитина шаьш, элира. Цо полице балха воьдуш мел ахча ло Дагестанехь а дийцира. 400 эзар сом дала деза ХIинжа-ГIалахь, ткъа Дербентехь – ах миллион, дийцира Гаджиевс.

Полковник Гаджиев Салахь а, и санна министраллана аьрзнаш деш арабевлла лелла цуьнан накъостий а харц ца хиллийла гайтира стохкалерчу хиламо. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера кхаъ оьцуш лецира 30 стаг, 60 бехктакхаман гIуллакх гIаттийра.

Журналисташна, оццу тележурналистна Казак Анатолийна а, «Черновикан» корреспондентна Магомедов Мохьмадна а хетарехь, Дагестанан куьйгалхо Абдулатипов Рамазан иккхинчу инцидентца доьзна полицигахьа волийла дац. Ткъадацахь, иза ца вулийла дац конфликтна юкъа, боху цара. Делахь а, цкъачунна хезна дац телевизионна низамхоша тIеIаткъамбарх лаьцна Абдулатиповгара дош цхьанненна а.