ХIун ду-те Нохчийчохь царна цатовриг, церан кхетамо тIе ца оьцург? Дика хир дацара дукха а доцу вайн къам шен дайн кхерча дIагулделча?
Маршо Радионо кху кIиранна дийцаре даьккхина хаттар ишта дара.
Жоьпаш даьхкина цкъа а хиллачу кепара дукха. Соьлж-Г1алара, Москохара, Петарбухара, Европерчу тайп-тайпанчу г1аланашкара.
Хаттаро дагайоуьйту нохчашлахь лела забар. Европехь вехачу во1а Нохчийчуьрчу шен дега латкъам бина. Шена к1ордийна даймахках ваьлла лела, ша-м ц1а ван воллу, да, аьлла.
«Варийлахь, варийлахь, сан к1ант, хьо волччохь 1ад1елахь. Вайн ц1ахь ирча хьал ду хьуна!»
Во1а, воха а воьхна, хаьттина, ой, х1ун хилла цигахь, дада, аьлла.
«Д1аваьллахь, дIаваьллахь, нах буу адамаш даьржина-хьуна кхузахь: могашниг 1едало вууш, цомгашниг лоьраша вууш, велларг молланаш вууш, аьлла бах дас.
Забарна т1ехьа, олуш ма-хиллара, забар мел ю толлур вай.