Юкъ-кара Кремлан векалша муфтеш, имамаш, кхиболу Iеламнах цхьацца гIаланашка дIа а гулбой, Оьрсийчуьрчу бусулбанашна лела-баха Iамош, дин лелоран кепаш гойтуш кеп-кепара доктринаш, директиваш арахоьцу. Цара къастадо дин лелон магош болу некъаш, хьесапаш. Ламастехь долу а, доцу а динлелораш, аьлла, цIерш а кхоьллина, къехкабо цхьа бусалбанаш кхечарех.
Цуьнца доьзнера Маршо Радионо кху кIиранан хаттар. Шуна муха хета, буй те Оьрсийчуьрчу бусулбанашлахь лела Iамош йолу социалан доктрина юкъаяккхал баккхий цакхетамаш?
И санначу документашца цхьана хорша берзабал, Iедалца гараболуш бу те бусалба нехан кхетам? Иштта яра йийцаре яккхина тема.
Your browser doesn’t support HTML5