Донецкан кIоштехь Старогнатовка олучу эвлана гена доцуш тIом бу дIабоьдуш Украинин эскархошна а, оьрсашкахьара болчу сепаратисташна а юкъахь. «112 Украина» олучу телеканало дийцарехь, Украинин эскархошна юкъахь дараш ду. Сепаратисташа церан позицешна яккхийн тоьпаш етта йолийра Оршот Iуьйранна. ТIом боьдучу метте эскарш тIеозош ю Киев.
Хьалхо Украинин тIеман министраллан векалша хаам бинера сепаратисташа 127-зза герз тоьхна шайн эскархой дIатарбеллачу меттигашка аьлла. Сепаратисташа Минскехь бина барт бохийна хиларх лаьцна ОБСЕ-н а, Оьрсийчоьнан а миссешка хаам бе аьлла омра дина Украинин президенто Порошенко Петрос.