2004-гIа шарахь дара иза. ДоттагIашца цхьаьна телевизорчухула кино хьоьжуш Iара Лоьма. ЦIеххьана иккхира лулахь бохам. 11 сахьт долуш. Хьаъа а вийнехь а, гена воццуш веха полисхо вийра. Кегий нах а, кхиболу бахархой а д1агулбелира ураме.
… Х1етахьлерчу оцу бохамах дакъа кхечира кхарех цхьанна - иза Лоьма вара. Берриг а урам, х1ара бехке воцийла теш доллушехь, токхуш ю ша боху цо набахти.
Набахтешкара хаамаш кхочу Маршо Радионе кест-кеста. Гарехь кху дуьненца царна зIе юзуш кхин цхьа а хьукмат а яц. Оха-м хIоразза а довзуьйту тхайца гергарлонехь болчу тутмакхийн аьзнаш вайн къомана. Довзуьйту, йоцуш цхьанне а кепара бакъо тоьлур ю ала дегайовхо.
ХIинццалц хааделла дац Кремло Нохчийчоьнна тIехIиттийначу наха бехказа набахтешкахь бохкучу вайнахах къинхетамбеш. Кхеташ ду, цара шайн даржащ лардо.
Ткъа мичахь бу кхиболу махкахой?
Хьал иштта го - бицбелла уьш, махкана а совбевлла...
Your browser doesn’t support HTML5