Тоьар дуй-те Грецина 85 миллиард евро?

Кху деношкахь Грецина рогIера ахчанца гIо хьажон барт хилла Евробертан пачхьалкхийн финансийн министрийн. ХIинца цу бартана Германин парламент резахиллачул тIаьхьа, 85 миллиард евро лур ду Грецина, кризисах кIелхьараяла. Амма кхачам хир буй-те оцу ахчанах?

Цхьана ханна, Дела хьо дика аьлла, сецнера Европехь Грецерчу кризисах а, цо доьхучу гIоьнах а, цу гIоьнна дуьхьал амма Афинашкара Iедал, шена ахча дала кийчаболчарна ма-лаъара шога реформаш ян резахила ца тикарх а долу дийцарш.

Товбецца бутт болалуш эххар а Грецин куьйгалло Евробертан а, Дуьненаюкъарчу Банкан а реформех болу кхайкхам тIе ца эцча, и хаттар чекхдаьлла ларалуш дара, ткъа Грецин аьрхаллин символ а хилла лаьттина волу цу пачхьалкхан финансийн министр Варуфакис Янис шен даржера вуьйхира.

Грецино ша хIинций-хIинций банкротт кхайкхор юй, цуо еврозонина юккъера йолуш еврона метта шен шира ахча дирхем юккъе доккхур дуй, цу доллучух евро лелачу пачхьалкхашна Далатохар хир дуй боху шайхаллаш а декара хадданза.

Амма иза дерриге а ца хилла, ткъа шен дуьненаюкъарчу спонсорашкара кхин ишттанехьа гIо хир доцийла кхеттачу Афинаша, шен лелам юха а литтина, эххар а шога реформаш ян ша резахилар хаийтина. Доцца аьлча, масех кIиранахь жимма тийна лаьттинчера Грецин бала а, цунах долу дийцарш а Европехь юха а марсадевлла.

Кху деношкахь Брюсселехь цхьаьнакхеттачу еврозонина юккъе йогIучу пачхьалкхийн финансийн министарша, масех сохьтехь вуно чолхе дагадовларш дIадаьхьначул тIаьхьа, Афинашка доккха са доккхуьйту, амма Европерчу могIарерчу ясакхйалархошна вуно гома болу сацам тIеэцна – Греци кризисах хьалхаяккхархьама цунна кхозлаха а ахчанца гIо дан.

Церан хиллачу бартаца 86 миллиард евро хьажор ду желтойн мехкан экономика юхаметтахIоттон еврозонерчу пачхьалкхаша. И барт тIеэцначу тобано Еврокомиссин сайта тIехь баржийначу официала сацамехь билгалдаьккхина ду, ахча масех траншана декъа а декъна, кхаа шарчохь Грецина дIакхачор долуш хилар.

Цунна дуьхьал, шен агIор, Афинаша шайна тIелаьцна, хьахийна ма-хиллара, хIинцалца схьа бахархойн аьхналла ца йохорхьама шаьш ян ца тикна йолу шога реформаш йийр ю шаьш аьлла.

Масала, цара керла низам тIеэцна, пенсин реформа еш долу. Цул совнаха, цхьа могIа ясакхаш лакхйахарх а, масала, таронечу нехан бахамашна ерг, иштта хIинцалца схьа шайн махкахь хилла йолу ясакхийн льготаш а дIаяха я лахйан реза хилла уьш.

Иштта вуно шога даьккхина ясакхаш схьагулйарца а, уьш пачхьалкхан бюджете дIакхачорца а дерг. ХIунда аьлча, массо а аьлча санна Европерчу кхиинчу пачхьалкхехь вуно дера долу ясакхаш гулйаран а, уьш могIарерчу наха пачхьалкхан бюджете цIенна дIаяларан а гIуллакх вуно тесина Грецехь хилар шуьйра девзаш дара.

Грецехь цкъа мукъане а садоIуш я воьду-вогIуш хиллачун хIоранна а хууш дара, цигахь цхьа хIума эцча я ресторанехь хIума кхаьллича, цкъа а аьлча санна хьешана чек луш йоцийла, ша базарахьчул башха. Иштта Европехь уггаре алсамох мукъа денош а, уггаре а доцачех белхан де а дара цигахь.

Цу хьолана комментари еш политолога Чапханов Руслана Маршо радионе дийцира хьастагIа, Грецин гIо дарх дагадовларш марсадевллачу муьрехь, и шайн амалш желтоша хийцалца, цига хазхета ахчанаш хьежор цхьаммо а ловр дац кхин дIа, аьлла.

Чапханов: „Вуно чIогIа лакхара коррупци йолуш мохк ма буй иза, луш лортIхеь ясакхаш а йоцуш. И хьал хийца деза. Ткъа цара хIинцалца схьа еш ерг шантаж ю, аш тхуна кхин дIа а ахчанаш луо, ца лахь тхо еврозонина юккъера арадевр ду, бохуш. Цара шайн махкахь хийцамаш баллалца царна кхин дIа кхиинчу Европерчу пачхьалкша я цхьаммо а кхечу а ахчанаш лур дац“.

Политологан прогноз бакъ хилар гойту, хIинца Греци ша цу шогачу реформашна реза а хилла, цуо шена хьалха спонсораш хIиттийна долу хьелаш тIеэцаро.

Ала дашна, хIинца цу пачхьалкхана хьажош долу рогIера ахча коьртачу декъехь Евробертан кризисна дуьхьал кхоьллинчу фондой, цхьана жимчу декъехь Дуьненаюкъерчу валютийн фондой луш ду. Доккхах долу дакъа цу 86 миллиардах Германерчу ясакхйалархошна коча догIуш ду, и пачхьалкхе Евробертахь уггаре а тароне хиларх терра.

Амма хIинца юха а Грецина хьажочу ахчанах 25 миллиард цигарчу банкашна кхочуш хиларо вуно оьгIазбахийтина Германин бахархой, ткъа цигарчу аналисташа и ахча хи чу кхоьссича санна юха а довр ду боху. Иштта, масала, вевзаш волчу немцойн финансийн эксперто Боьме ХIенрика меттигерчу телевизионехь элира, шеко а йоцуш, кхин ши-кхо шо доллушехь и желтойн къоман сиртаки-ловзар юха а дIадолалур ду, амма цу хенахь Грецин коьртехь Ципрас а воцуш, цхьа кхинверг хир ву, аьлла.