Берлинера цхьаьнакхетар дIа а доладалле цхьаццаболчу журналисташа а, тергамхоша а и дагадовларш символикан маьIна долуш хилар бен, кхин башха хIара аьлла чулацам болуш я Донбассерчу хьолана тIеIаткъам бийр болуш хилахь тамаша бу боху шайхаллаш даржийнера.
Цкъа делахь, „нормандхойн тоба“ аьлла шех олучу пачхьалкхан куьйгалхошна юккъехь цхьаъ оьшуш вара - Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. ШозлагIа делахь, даханчу шарахь тIеэцначу болу Минскера барт агIонаша, уггаре а хьалха Оьрсийчоьно, ларбеш боцучу хьелашкахь кхин керла барт я сацамаш тIеэца гIертар эрна я, маьIна доцуш а дуйла кхеташ ду массарна а.
ХIетте а, Украинин йозуш яцаран дезчу дийнахь, Киеверчу тIеман парадера воггIушехь Берлине Порошенко вар данне а эрна дара олийла дац. Кхаа пачхьалкхан куьйгалхоша шайн Донбассерчу хьоле болу хьежамаш хийца белла ца хилар а, цигара кризисехь шаьш Киеверчу Iедалшца хилар а дIахаийтира кхин цкъа а.
Меркел Ангелас шен къамелехь доллу украинхойн къам дезчу денца декъал а деш элира, шена хууш ду, мел лакхара мах цу къомо йозуш йоцуш хилархьама луш бу аьлла.
Иштта немцойн канцлеро билгалдаьккхира, Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца бина хилла болу Минскера барт кхочуш беш бац, аьлла.
Масала, цуьнца хIетахь дийцина ма-хиллара, герзаш деттар сацийна дац Донбассехь, Европехь Кхерамазаллин а, Цхьаьнаболхбаран а Юкъаралла маьрша Малхбалечу Украинехь дIасалела аьтто болуш яц, ткъа Малхбузерчу тергамхоша цигарчу хьолана мониторинг ян гIертарна новкъарло йо Оьрсийчоьно белшашгIортош болчу сепаратисташа.
Цо юха а кхайкхам бира шайн цхьаьнакхетаре Берлине ца кхойкхуш витинчу Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, и кхачамбацарш дIа а даьхна, шеца хилла болу барт кхочуш бан волаваларе.
Ма-дарра аьлча, Берлинерчу дагадовларийн коьрта тема Минскера барт бара. Аьлча а, и барт сепаратисташа бохош белахь а, хIетте а Донбассехь а, йоллучу Украинехь а машар хIоттийтархьама цхьа некъ бен бац – Беларусин коьртачу шахьарехь баханчу чиллан баттахь тIеэцна хилла сацамаш кхочуш бар бен боху ойла.
„Вай Минскера барт кхочуш бан некъаш лаха гулделла ду тахана, иза шеконе бан гулделла дац“, - элира немцойн канцлеро цхьаьнакхетар долош. Иштта Францин президентана Олланд Франсуана хетарехь а бу Минскера барт Донбассехь машар хIоттаран некъех коьртаниг.
Ткъа хIун маьIна дара-те Украинера хьал тодаран архаш шен карахь йолу Оьрсийчоьнан президента декъа а воцуш, иза, ма-дарра аьлча, цхьана ледарлонна тIехь гучуваьлла волула дешархо санна, йистах а витина, шайн цхьаькхетаре а ца кхойкхуш, Германехь и дагадовларш дIадахьаран?
Политолог Асхабов Хьамзатна хетарехь, Украинин президенто ша шен дозанаш тIемаца лардан кийча хилар Малхбузерчу партнерашка хаийтар дара цу цхьаьнакхетаран коьрта маьIна.
Асхабов: „Цхьа а да вац цигахь хIун хир ду хууш. Украинин президенто ша тIамна кечлуш хилар лачкъийна а дац, цуо иза Киевехь хиллачу тIеман парадехь а элира, ша тIеман техника оьцуш а ву, дуккха а техника Украинах дIакъаста гIертачу шина кIоштан дозане дIахьажийна а ю аьлла.
ХIинца Берлинехь вовшахкхетарехь цуьнга Францин а, Германин а куьйгалхоша хIун эр ду-те бохуш ойланаш еш бара Оьрсийчоьнан векалш. Хетарехь, Украина эшахь тIамца а шен дозанаш лардарна цуьнан Малхбузера партнераш реза болчух тера хилар гайтира цу цхьаьнакхетаро“.
Цу юкъана цхьаццаболчу аналисташна хетарехь, Оьрсийчохь вуно чолхе экономикан халонаш хIиттарна, цу пачхьалкхан куьйгалла Донбассера хьал шайна даккхий зенаш а доцуш, сихонца дIадерхьара аьлла хеташ ду. БиБиСи агенталле оьрсийн вевзаш волчу аналисто Михеев Сергейс ма-дийцара, Оьрсийчоь, хетарехь, Донецкан, Луганскан кIоштанаш Украинина юхаерзон реза хила мега, ГIирма ахгIайре даиманна а шен долахь йисарна Украина официала къера хилахь.
Амма Киев цу кепарчу механа реза хир ю бохург шеконехь ду.