Дикаев Мохьмад. Къинхетаме Нохчийчоь.

Нохчийн лаьмнаш

Your browser doesn’t support HTML5

Дикаев Мохьмад. Къинхетаме Нохчийчоь.

КЪИНХЕТАМЕ НОХЧИЙЧОЬ

Балано бIарзйина
ГIазотан Нохчийчоь!
Хьох, акха ю бохуш,
Къихкина хийла нах.
Ма бIаьрзе хилла уьш,
Ахь хьосту бер ца гуш,
Хьан дагца хьаьрчина
Къинхетам ца хаълуш;
Ца хууш, йоьхначу
Буьйсанна ахь дохурш
Къонахчун синош дуй,
Ахь къуьйсу паргIато
Вайнехан безам буй.
Балано бIарзйина
Обаргийн Нохчийчоь!
ГIазото хьан деган
Къинхетам къийлина,
Кавказан тIамо хьан
Стогарш чуийзина,
Амма хьо доьналлех
Яккха ницкъ ца хилла!
Хьан бартан, безаман
Йогу цIе суна го, –
Хьох, маьрша Нохчийчоь,
Сан даго дозал до.