ДАIИШ балеяьлла нохчашна

Тахана уггаре баккхийчу лазамех ду нохчашна дуьненан маьI-маьIехь беха шайн кегийрхой Лаьтта тIехь лаьттачу тIемашка лестар. Къаьсттина бале ду уьш Шемахь, Иракъехь бусулбанаша вовшашца кхобучу девна юкъабийлар

Вайнехан кегийрхоша дуьнентIехь лелхачу тайп-тайпанчу тIемашка дакъалацар кху тIаьхьарчу шерашкахь вуно чIогIа дийцаре деш ду нохчийн юкъараллехь.

Дерг аьлча и дийцаре дора аьлла, кхачалуш бац герггарчу Малхбалехь Iаьрбоша шайлахь бечу тIемашкахь дакъалаца луурш. Iедалан хаамийн гIирсаша,ишта меттиг нисьелча, даима а санна, шуьйра кхайкхо эшна а доцуш, еккъа цхьана Веданан кIоштера ворхI стагах лаьтташ йолу кегийрхойн тоба лаьцна низамхоша, къизаллица коьртах яларна, дуьнено а ялхош йолчу Исламан Пачхьалкхан доглазархойн а, агIончаш а бу аьлла.

Лаьцнарш ткъе иттара а бовлаза кегий нах бу. "Совцийначара «Исламан Пачхьалкх» хазьеш, марзьеш къамелаш дарал сов кхиазхой а, кегийрхой а цу юкъабахийта кхайхкамаш а бина. Царех цхьаъ Шемахь масех шо хьалха дешна а ву.

Лаьцначех цхьамма даре дина шен Шемарчу Абу-Мовсар цIе йолчу тIемалочунца цхьаьнакхетар а хилла, цу тIамехь дакъалаца кегийрхой карабар хьокъехь. Кхечуо мукIарло дина ша кхоъ юьртахо цу тIамтIе хьажийна кхин а шиъ хьажо Iалашо а яра шен аьлла».

Герггарчу барамехь ишта бу лецначийн хьокъехь Iедало Iорабаьккхина хаам. Куьг бехке лоруш берш а, белххал,уьш шайн долара баххал холчахIиттина церан дай-наной а гайтина интернетан фейсбук олучу зIенехула а.

Уьш берриш а Соьлжа гIала дIа а бигна, цаьрца дIадехьначу цхьаьнакхетарехь мехкан куьйгалхочо дIахьедина «Йилбазан пачхьалкхан» агIончашна махкахь меттиг яц аьлла.

«Ас уьш бусалба а ца лору. Царна цкъа а меттиг хир яц Нохчийчохь. И ИГИЛ цIе лело шайтIанийн тобанаш бусалбан динан мостIагIий хилла ца Iа, уьш кху дуьненахь мел долчу адамийн а мостагIий бу». И тайппа дIахьедар дина Кадыров.

«Исламан пачхьалкх» цIе йолчу боламо бечу тIаме кегийрхой кхачо Iалашо кхабарна лаьцнарш кхела хьалха хIиттор бу я бац хууш дац цкъачунна. Бакъду, дукхахболчу къаноша а, гIеметта хIиттинчара а буххера дуьйна а емал деш ду цу хийрачу тIаме эхар а, кхечарна и тIом хазбар а. Цу хьокъехь хадам боллуш хьажам болчех ву дезткъара ваьлла воккха стаг Хьусайн а.

Хьусайн: "Маггане а мегар доцуш хIума лору ас цига тIаме эхар. Хьо хIун эцна воьдуш ву цига? Стаг вен воьдуш ву-кх хьо. Хьоьга ма ца боху Пайхамара ваха а гIой хьо вейта я хьайн каялахь уьш байа ца боху хьоьга. ГIазот дац иза. Хьо ахча даккха воьдуш ву тIаме. И мегар дац. Уьш ир-кара хIитттош лелаш берш каде хьийзарца а,царна ахчанаш кхийдорца а дузу ас цига тIаме оьхурш лекъаш цахилар».

Ахчана дуьхьа цу тIаме нохчийн кегийрхой оьху аьлла ца хета шена бах Новр кIоштерчу Раисов Салмана. Цо кхеторехь , юкъалелачара дуьйцург цхьа бух болуш хIума ду моьттуш,цига Iехабелла дIаоьхурш дукха бу. Салман ву шен ойла йовзуьйтуш.

Салман: «Нохчий шайн боцчу тIаме эхар суна лартIа ца хета. Цара шайлахь бечу тIамехь шаьш къастор ю шайн юкъаметтиг. Цу тIе хууш дац цара къуьйсург хIун ду а,хьенан лаам-аьллар тIедаккха уьш леташ бу а.

Шен доьзал а кхобуш,шен да-нана а ца делхош шен цIахь Iа везар. Бухабуьсуш болчеран ойла стенна ца йо? Уьш стенна хьийзабойту? Суна цхьа корта хьовзийна.Iехийна,галбаьхна буьгуш хетта и кегийрхой.

Кхехкаш тIом а болуш , дIавахнарг сехьавер ву я вац хууш а дойцуш, ахча схьаоьцуш кассаш а йолуш меттиг хир ю аьлла суна ца хетта. Цхьанне а юкъа а ца гIерташ шайн цIахь Iийча чIогIа бакъхьа дар-кх».

Генарчу Iаьрбийн пачхьалкхашкахь тIемаш марсадевлла дикка хан елахь а царех дийцар цкъа лахлуш юха ойбуш лаьтташ ду махкахь. Цуьнца цхьана хьехоза ца юьсу Украина а,цигара кегаре хьал а. Бусалба наха шайлахь бечу тIамтIехь а нохчийн бу,керста нахана юккъехь,Украинехь, иккхинчу девнехь а, шина агIор леташ,тIаьххьарниш бац нохчий.

Цханхьа тIамтIе бахнарш лоьцуш а,чубухкуш а бу, вуьйш лоруш а,базбеш а. Москвара дуьйна схьа Iедалехь болчара могуьйту и тайпа шалхонаш кхета ца ло могIарерчу нахе.