ЧIеран цIокалахь а лелар ду адам...
Ша 32 шарахь дабагIдинчу бежанан, кхечу дийнатийн могIара яьккхина Шадиев Ахьмада чIеран цIока а.
"Шади" фирмин чоьнашкахь.
Къоман сий до кхузахь, кхуллу гергарчу адамийн ламастех васташ.
ДабагIдечу декъехь.
ЧIеран цIокан кIаденех духарш тоьгуш ю белхахо.
Суьрташ а дохку чIеран цIоканна тIехь...
КIаденийн тайпанаш арахоьцу дуккха а.
Жайнешна мужалташ йо фирмано.
Дуккха а белхан меттигаш елла Ахьмада зударшна.
"Шади" фирмин портманеш, мужалташ.
Сурт вуно дика тIеоьцу чIеран цIокано.
ЧIеран чкъор кхелина кхабанна.
"Шади" фирмин туьканахь.
ТIоьрмигаш исбаьхьа бо чIеран чкъорах.
ЧIеран цIоканах йина паннош.
Полиграфисташ бу болх беш.
"ЧIеран" мачаша кхузза кIезиг хи худу, кхузза дукха лела бежанан цIоканах йиначарел.
Яц чIеран чкъорах цаялуш хIумма а.
ЧIогIа хаза хуьлу "чIерах" жайнеш.
ЧIеран цIока кхелина тIорказ.
"Кура" ю "Шади" фирмано ен божарийн мачаш.
Хи, якъо, йовхо а яц кхераме "чIерана".
Мачийн хазалло цецвоккху.
"ЧIерах" дина доьхканаш.
"Шади" фирмин коьрта хIусам. Несара.