Словенино чу ца буьту мигранташ

Ца хеддаш дIаоьху Шемара а, Иракъера а мигранташ Европе. I000 сов Хорватера дIа шайн махка ца вуьтуш сацийна Словенино цхьана меттехь. Ткъа кхечу меттехь цIерпоштаца вогIучу I800 мигрантех берашца болу зударий, бераш бен (пхи бIе стаг) шайн дозанашна чу ца дитина оцу махко.

Оршоьтадийнахь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин мухIажиршкахула йолчу агенталло хаамбина, Сербехь сецца лаьтта цкъачунна I0 эзар Малхбалера мигрант, аьлла. Оцу агенталлан пресс-секретара Сунжич Мелитас дIахьедина, сербийн-хорватийн дозанехь лаьттачу мухIажиршна ца тоьа кхача, йовха бедарш, мотт-гIайба, аьлла. Доккхачу декъанна, Малхбалехь марсабевллачу тIемаша гIаттийна мигрантийн рогIера тулгIе.

Дуьненан ШолгIа тIом бирзичхьана дуьйна схьа хилла яцара мигранташца оццул йоккха проблема, чIагIдо Европерчу политикаша а, прессо а.