Туркойн куьйгалхшна реза вац Путин

Туркойчоьнан куьйгалхоша, шайна а хууш, леррина йохош ю шайн Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш аьлла, дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Лахьан-беттан 26-чу дийнахь Москох вистхуьлуш, цо элира, Туркойчоьно шаьш къинтера дахаре ладоьгIуш ду шаьш аьлла.

Цул сов, шайна дина зе туркоша меттахIоттор ду аларе ладоьгIуш а ду шаьш бохуш вара Путин Владимир.

Оьрсийчоьнан Су-24 олу тIеман кема чудаийтина туркойн F-16 олучу кемано кху беттан 24-чу дийнахь. Оьрсийчоьнан Iедалан векалша дIахьедарш до, иза Шеман территорина тIехула хилла бохуш.