„Берийн хиндерг хилийтархьама“, „хIокхеран дуьхьа лелар-кха“, „берашка дешийтархьама“ - иштта хуьлу Европехь бехачу вайнаха вовшашлахь шаьш хийрачу генарчу меттигашкахь дисаран бахьанаш дуьйцучохь.
Ткъа хIун дан деза, берашка дешийтархьама бохучух бахьана динчеран амма доьзалхой дешарна тIера ца хилча?
Я уьш шаьш а шайн доьзалхой башха дешарна тIетеIош бацахь, дуьненан рицкъанна тIаьхьа а бевлла, Европано дагахь а доцуш деллачу аттачу дахарх Iеха а белла, ахча Iедало дешча а, ца дешча а, болх бича а, ца бича а схьалуш ду бохучу бIарлагIечу ойланах Iехабелча?
ХIан-хIа, цхьанна а кепара олийла дац лакхахь хьахийарш Малхбузехь бехачу нохчийн юкъара кеп кхуллу адамаш ду аьлла.
Олийла дац данне а, аренца беха вайнах, я цIахь бехарш, я мичхьа а бехарш цхьатерра бу аьлла а. Малхбузерчу пачхьалкхашкарчу нохчийн диаспоршкара нах - уьш бен -бен бу, муьлхачу а юкъараллехь нах бен-бен хуьлуш ма-хиллара.
Цхьаболчу дешар цхьа пайда боцу, ца хилча а мегаш долу хIума санна тIеоьцу. Вукхаьргахь – доьзалехь дешарна а, кхиаме болх барна а терго алсам йо.
Шинна а тайпанч доьзалехь амма хила тарло, бераш ишколехь ца ларлуш, мел къахьегарх цхьаццайолчу теманех ца кхеташ. Ишттачу хьелашкахь нохчийн берашна гIодархьама, церан дешарца йолу марзо алсам яккхархьама кхоьллина ю Венехь „Баракат“ цIе йолу цхьаьнакхетаралла.
Цу проектан декъашхой шаьш бу, дукхахьолехь, кегирхой, я Венерчу лакхарчу дешаран тушпхьанийн студенташ, я кесталгIа дешна бевлла къона говзанчаш. Цундела массарна чул а дикох уьш кхета, дешар мел мехала а, амма цуьнца цхьаьна мел хала а хIума ду бохучух.
Цу тIехь нохчийн берашна гIо-накъосталла дар а, царна ишколехь ца кхеташ дуьсучунна уьш тIаьхьакхиабар а ю Баракатан Iалашо бохуш дийцира Маршо радионе цу цхьанакхетараллин декъашхочуо Iабдул-ГIанис.
Iабдул-ГIани: „Тхо, вовшахкхеттарш, вайн къомах долчу берашна а, вайн къомана а са а гатдеш, цхьа лазам а болуш, долу нах ду. Тхуна юккъехь кхузахь тайп-тайпанчу факультеташкахь доьшуш болу кегирхой а бу, дешна бевлла, нахаца белхаш бан бакъонаш а йолуш болу говзанчаш а бу.
Тхан Iалашо муха ю оха аьлча, кхечу меттигашкахь болчарна хезча-м ца кхета а мега, амма кху Австрехь бехачарна дика девза и хьал- вайн бераш доьшарца бала болуш ца хилар, ткъа цхьаццадолу дай-наной уьш дешарна тIетеIош ца хилар, ахчанна а, рицкъанна а тIаьхьабевлла, даа-мала, вижа меттиг хилчахьара, дешар мехала ца хеташ уьш хилар.
Ткъа кху махкахь вуно яккхий таронаш ю, вайн къоманна а, бусулбачу нахана а пайдехь долу Iилманаш а, говзаллаш а Iамон. Цу вайн берашна деша мотиваци яр а, уьш дешарца бен кхиамаш боцийла бохучух кхетийтар а ю тхан Iалашо“.
Нагахь санна Нохчийчохь я оьрсийн мотт лелачу меттигашкахь дешарна тIехь кхиаме хила башха хала дацахь, Малхбузера дешаран система шен башхаллаш а, чолхеналлаш а йолуш ду. Цу башхаллашна тIаьхьа кхиа халахуьлу дай-наношна, оьрсийн ишколийн система бен ца евзаш долчу.
Иштта, масала, хьалхарчу классашкахь дуьйна къаьсташ хуьлу Малхбузехь, муьлхарниг дешархо тоьллачу ишколе – гимназе – гIур ду, ткъа муьлхарниг – мелла а эшначу юкъарчу ишколе. Хьалхара диъ шо дIадаьлча йолало ша-башха сегрегаци. Тоьлла кхиамаш болу бераш гимназе доьлху, гIийлоха дерг -кхечу ишколашка.
Цу бекъамо гимназе ца кхочуш дисинчу берийн синошна хийла чевнаш йо, ткъа дай-наношна а шаьш бехке хета, шайн доьзалхошна ма оьшу тидам ца бина-те шаьш я шайн доьзалхой кхечарел эшна бу -те олий.
Амма гимназе даха беран кадаьлча а чекхболуш бац конкуренталлин къийсам. ХIора шарца а, бер лакхарчу классашка мел долу а, чолхе йолу гимназера программа, ткъа и бахьана долуш дуккхаъ бераш дIакъесташ нисло.
Цу тIе гIуллакх ца далийтархьама дукха ахчанаш дайъа дезаш хуьлу дай-нанойн, шайн берашна репетиторш лоцуш. Баракатерчу кегирхоша амма шаьш вайнехан берашца беш болу болу мехаза бо, я берашкара, я церан дай-наношкара цхьа а сом ца доьхуш. Iабдул-ГIанис дуьйцу.
Iабдул-ГIани: „ХIинца кху сохьтехь дIайоьдуш математикан урок ю кхузахь, цхьа а сом луш я цхьа кепек дай-наношкара доьхуш а доцуш, вайн къомана пайдехьа хилчахьана Делан Шен дуьхьа аьлла и хIума тIе а лаьцна.
Иштта дIайоьдуш медицина Iамон луучарна кечам баран курс а ю, ша цига деша дIатассавеллачу вайн цхьана нохчочуо дIахьош. Кхечу меттигашкахь цу курсахь 700 евро доьху, ткъа цуо ша шен къоман нахера сом оьцур дац, шена шен кхомана пайдехьа хила лаьа, аьлла беш бу и болх.
Иштта кхузахь хьоьхуш ингалс мотт а бу, оьрсийн мотт а бу. И оьрсийн мотт а вайна оьшуш бу, вайн иза хаа безаш хуьлу, шен мостагIчун мотт а хаа беза, меттанаш алсам мел хуу а дика ду“.
Баракат цIе йолу цхьаьнакхетаралла Венехь кхоьллина дукха хан яц. Амма хIинцале а шуьйра йовза яьлла иза меттигерчу вайнахалахь, ткъа цига оьхучийн, эха луучийн берийн терахь вуно лакхара ду. Амма Iабдул-ГIанина а, цуьнан накъостийн а са токхдоккхуш дерг кхин ду – сел дукха дай-наной шайн берийн дешаран кхиамашна саготта а хилар, уьш церан дешарна терго еш хилар.
Iабдул-ГIани: „Тхо иттех стаг ву вовшахкхеттарг. Вуно дукха бераш ду тхо долче оьхуш. Бакъудрг аьлча, тхан аьттонаш иштта башха баккхий бац цкъачунна, хIунда аьлча оха мехаза беш бу и болх, кхин цхьа а финансировани а йоцуш.
ХIора группехь а оха схьаэца леричнарел совнаха бераш гулделла, амма кхин а дахка лууш долучу берийн дай-наноша зIе етта тхоьга. Уьш оха рогIе дIаязбо, кхана-лама тхайн керла группанаш схьаелла аьтто ма баьлла, схьаоьцур болуш.
Амма цу хьолехь тхуна массарна а уггаре а боккха кхаъ хилларг ду, нохчийн берийн дай-наной оццул цу берашка дешийта лууш хилар, цара цу хIуманна гIайгIа беш хилар ду.
ХIинцале а 40 герга адам ду тхан рогIехь собар деш. АлхьамдулиллахI, чIогIа хаза схьадогIуш ду дерриге а“.