Вашингтоно бехкбиллина Трампна, цо дин а, адамаш а къесторна

Iамеркан Штатийн консерваторийн партин цIарх президентан харжамашка кхача къийсалучу Трамп Дональда дIахьедина, Штаташка богIу некъ бехка беза массо а бусулба нахана, аьлла. Дахначу кIиранах Калифорнерчу Сан-Бернардино меттехь бусулба зудчой, майрачой талор деш, нах байарца доьзна аьлла иза пачхьалкхан лаккхарчу гIента хаа гIертачу Трампа.

Вашингтоно бехкбиллина Трампна, цо дин а, адамаш а къестош и къамел дарна. Руспубликанан партех президентан дарже ваха воллучу Буш Джеба «Трамп хьераваьлла», аьлла оцу хьокъехь. «Трамп цхьана жихIадхойн тобан хьалханчех тарвелла, сийлахьчу къоман векало дуьйцийла а доцург дуьйцу цо» - аьлла Трампах демократин партин хьалханчех йолчу Клинтон Хилларис.