ПАРНАС партин куьйгалхочуьнан когаметто Яшин Ильяс шен Фейсбукехь йолчу агIонна тIехь схьадиллина кехат яздина Кадыров Рамзане. Яшин лууш ву Кадыровца цхьаьнакхета. Иза кхочуш дан Соьлж-ГIала ваха кийча ву къона политик.
«Хьуна дезар доцу цхьамогIа хаттарш ду сан. И хаттарш нисса, бIаьргаш чу а хьожуш, дала лууш а ву со. Къонах къонахчуьнца санна цхьаьнакхетийта вайша», - аьлла яздина Яшин Ильяс. Яшин лууш ву Кадыров Рамзанца Немцов Борис верца доьзна хаттар дийцаре дан. Цкъачунна хууш дац Кадыровс хIун жоп делла.