Берийн бешахь Керла Шо. Соьлж-ГIала.
Берийн беш кийча ю Керла шо даздан.
Бераша цхьабоса кхайкхина валийра ГIура -Дада.
Самиян дуьххьаралера синкъерам.
ЙоI жимма ийзало туьйранарчу хьешех.
Жима къонах вуоланза ву хьолах.
ЦIен коч йоьхна йоI хьал зуьйш ю гонахара.
Берийл а самукъадаьлла го церан наной.
Кхунна ца хаьа ГIура-Дада мила ву а, я Лайн-Аьзни мила ю а!
Цхьа хелхаран бал боккхур болуш яра со!
Лайн-Аьзнин коч сайчул хаза-м яц!
Туьйра доладелла.
ГIура-Дадин совгIат схьакхаьчна, хIинца-м цIа ваха а мегар дара!
Сан совгIат схьадала вицвелла-те и ГIорийна Дада, аьлча, ГIура-Дада!
Ма той ду хIараааа!
"Хелхаяла сан рагI а кхочур хир ю-кх..."
ГIура -Дада совгIаташ доькъуш ву.
ХIун ю-те сан тускарчохь?
СовгIатна дуьхьал ГIура-Дадина еша еза я байт, я хелхавала деза, я илли ала.
"ХIокху туьйранера цкъа а юхаерза ца дезахьара..."
Дахарехь уггаре а берийн сатийсаме де - Керла шо!