Германерчу Оберхаузенера нохчийн меттан ишкол оцу цхьаьна гIалахь евзина ца Iа. Гондхьарчу кIоштара а дай-наноша шайн бераш кхуьйлу, цигахь берашна ненан мотт хьоьхучу Мадалова Зараъна тIе. Кху деношкахь дешаран хьалхарчу эха шеран жамIаш деш даздарш дIадаьхьира нохчийн ишколехь.
Германехь бехачу нохчийн терахь билгал девзаш дац. Юкъараллехь а, хаамийн гIирсашкахь а хьехош дерг 20 эзар герга нохчо ву немцойн махкахь бохуш ду.
Германи йоккха хиларна и нах тайп-тайпанчу гIаланашкахь а, кIошташкахь а баьржина беха, ткъа уггаре а лакхара нохчийн терахь, хетарехь, немцойн коьртачу шахьарахь Берлинехь ду – цигахь 5-7 эзар вайнах беха сурт ду.
Амма, тамашийна хеталахь а, оццул дукха нохчи бехачу Берлинехь яц нохчийн мотт хьоьху ишкол, масех вайнехан доьзал бен ца бехачу Оберхаузен цIе йолчу немцойн НордхIайн-Вестфалли лаьттарчу жимчу гIалахь ю.
И ишкол схьайиллинарг а, цигахь берашна ненан мотт хьоьхург а Мадалова Зараъ ю, филологи Iамийна нохчийн меттан говзанча йолу.
Мадалова: „ХIокху шеран деалгIачу декъахь ас тIетаьIIина кегийраха долчу берашца болх бина ас, царна дешнаш а, терахьаш а довзуьйтуш, беснаш а, шаьш муьлш ду дийца а, тIетохар-дIадаккхар а Iамош. Баххашкара хаарш царна Iамош яра со.Кху деношкахь, Iаьнан мукъаденошна кечлуш, дешаран шеран деалгIачу декъан жамIаш а деш, ша-бахша схьайиллина урок дIаяхьара Оберхаузенехь. Мадалова Зараъс дийцира Маршо радионе цу жамIех лаьцна.Масех шо хьалха луларчу Фирзен гIалахь цхьа тоба жигархошца цхьаьна дуьххьарлера нохчийн меттан ишкол йиллинера Зараъс.
БIе герга чакхарма кхечу гIала дIа а оьхуш, иттанашкахь нохчийн мухIажарийн берашна мехаза ненан мотт Iамийра цуо. Дукха хан йоцуш амма ша ехачу Оберхаузенехь керла меттан кхерча схьабелла кадаьлла Мадалова Зараъан.
Ткъа даккхийраха долчу берашна и хIумнаш оха хьалхехьуо Iамийна, хууш дара, царна мелла а чолхе болх лора ас. Карарчу хенахь коьрта Iалашо, кегийчу берашна и уггаре а аттох долу хIумнаш а Iамийна, и ший а тоба цхьана тIегIанна тIе а яьккхина, грамматика Iамон йолаялар ю сан“.
Аренца кхуьучу нохчийн берашна ненан мотт Iамор вуно къаьсташ ду ДегIастанахь бехачарна изза мотт Iаморх. Цкъа делахь, мотт хаарийн тIегIа Нохчийчуьрчу берийн, хийраллехь кхуьучеран бен-бен ю. ШозлагIа делахь, и мотт аренца Iамон лерина арахецна дешаран киншкаш а, цу Iалашонца кхоьллина система а яц.
Амма шен ишколе оьхучу берашна мотт Iаморехь коьрта хало – царна, цу берашна, цхьаццаболчу доьзалшкахь мискъазаратталла ненан мотт Iамош ца хилар ду, бохуш дуьйцу Мадалова Зараъс.
Мадалова: „Уггаре а коьрта хало дера ю, соьгахь ерг а, сол тIаьхьа берашна мотт Iамон арабевр болчеран хинйерг а, берашна дукхахьолехь тIекIел масех дош цхьаьна а тесна, алам ахь шайга аьлча, уьш цунах ца кхетар. Ца кхета-кх уьш. Уггаре а аттачух а, хIара-м ца хаа йиш ма яц кхарна аьлла хеташ ахь аьллачух а ур-атталла ца кхета.
Делахь а, хIинца шеран деалгIачу декъан жамIаш дечохь гуш дара, оха хьоькъуш долу къа эрна доцийла, Далла хастам бу. Хаттар делла а далале нийса жоьпаш луш бераш дара цигахь“.
Германе я кхечу Европе пачхьалкхашка нохчи дIабоха буьйлабелла, мел дукха а, пхийтта-ялхийтта шо бен хан яц. Цу йоцачу хенахь амма Малхбузехь кхуьуш ду шайн ненан мотт я вуно ледара я хаъане а ца хууш долу бераш. Иза стенца дузу ахь аьлла шега Маршо радионо деллачу хаттарна иштта жоп делира ненан меттан хьехархочуо Мадалова Зараъс.
Мадалова: „Дера дузу наношца. Ас даима а олуш ду, наной бу цу берашца болх бан безаш берш. Царна туьйранаш дийца дезаш, царна аганан илли ала дезаш берш, уьш ненан маттахь хьеста дезаш берш. Хийла тидам бина ас наноша шайн берашка „Mäuschen" олуш, нохчийн маттахь „мамин Iахар“, „мамин зезаг“, „мамин додам“ ца олуш.
Ткъа иза иштта хIунда олу аш аьлча, цара жоп ло, нохчийн маттахь аьлча уьш кхета-м ца кхета олий. Вай, кхета муха кхетар ду и бераш, шайга наноша ненан мотт буьйцуш ца хилча!
Делахь а со йоккхаеш шиъ доьзал бу сан ишколе оьхуш. Цхьаъ Iелий, Сабиний бохуш да-нана ду, пхиъ бер ду церан. Царех кхоъ со йолчу оьхуш ду, эхI, ма йоккхае со цу берашка хьоьжуш!
Нохчийн маттахь туьйранаш хаа царна, оьрсийнарш хаа, бусулба динера хаза хIумнаш хаьа царна. Дас-нанас цаьрца къахьоьгийла гуш ду. Иштта Макка бохучу кхин цхьа доьзалан нана а ю сан. Цуьнан ши бер ду, исс шой, ялх шой долуш, вуно кхетам болуш ду и шиъ, царех йоккхае со“.
Зараъас хьахийначу цуьнан ишколехь доьшучу берийн нанойх цхьаннаца, Вирзен гIаларчу Маккица зIене елира Маршо радио. Мотт берашна хаар иза, уггаре а хьалха, царна шаьш мичара муьлш ду хаарна а, царна нохчийн къоман гIиллакхаш а, яхь а йовзарца а цхьаьнадогIуш хета шена, бохуш дийцира Маккас.
Макка: „Хазахета суна и ишкол сайна нисйелла. Бераш а дела денна алсамох довлуш ду, тIаккха кхеран интерес а алсамох хуьлу, шай-шай дикох деша а гIерташ. Нохчийн мотт бицбан йиш яц, цундела, Даламукълахь, тхайн ницкъ ма-кхоччу цу ишколе дIаиха дагахь ду тхо.
ГIиллакхаш довза а, яхь йолуш хила а, ша мила ву дийца хаа а оьшу шайн ненан мотт. Зараина даггара Дела реза хуьйла ала луур дара суна, ша мел боккху ког Делан дуьхьа хуьйла цуьнан“.
Немцойн Оберхаузен гIалахь Мадалова Зараъс схьайиллина, дIакхоьхьуш ерг санна йолу ненан меттан ишколаш Европехь, халахеташ делахь, куьйга пIелгашца ягарйалла бен яц, тайп-тайпанчу хьостанаша Малхбузехь хIинцале а вехаш 300 эзар герга нохчо ву бохуш чIагIдахь а. Цу нохчашлахь дукхаха кхиазхой а, бераш а хиларна ненан мотт царна Iамон кхерчаш йоккхачу сихонца оьшу.
Амма политикан, динан башхаллашна тIехь екъаеллачу диаспорин, хетарехь, умматан а, Шемин а, Украинин а, йоккхачу политикан а, кIоргерчу теологин а алсамох бала бу, шайн бовш лаьттачу маттацачул я и мотт ца хууш кхуьучу шайн берашца чул а.
Цундела хила а мега, Зараас ма-аллара, Германерчу наноша шаьш шайн бер хьостучу хенахь цунах „Mäuschen“ олуш, „мамин Iахар“ аларна метта. Ткъа „Mäuschen“ бохург нохчийн матте даьккхича „дахка“ бохург ду. Шайн берах Iахар олучул дахка олуш хазох хетачух тера ду ишттачарна.