ХIинцалца хуьлуш ма хиллара, и цхьанакхетар мехкан куьйгалхочун резиденцехь дацара. Евкуров Юнус-Бек ша ваханера муфтияте хьошалгIа. Динан дайшка цуьнан болу ларам санна а тида мегар дара иза, амма оцу визитан бахьана- кхин дара. ГIалгIайн мехкан куьйгалхочо муфтига Хамхоев Iийсага юьхь-дуьхьал хаийтина ша цунна реза цахиларх а, иза даржера дIавала везаш хиларх а.
Хамхоев Iийса, хIинцалц юккъараллан доккхачу декъана Iедалан стаг ву моьттуш дара. ХIинца иза Евкуров Юнус-Бекан дуьхьал валаро цецбаьхна нах.
-Муфтиятан шен тIеэцна низам ду, ШарIана тIетевжина хIоттина. Цундела балхара ваккха бакъо, ша хаьржинчу яьртийн имамийн бен яц. Ша цара балхара дIаваккхахь-тIера доккха дукъ дIадаьлча санна хетара дара шена, аьлла, жоп делла цо.
Ткъа гIалгIайн махкара яьртийн имамаш реза ца хилла шайн хьалханча балхара дIаваккха. Шо хьалха Хамхоев Iийса, цара кхаж а тесна, юхахаьржина ву. Евкуровн-Хамхоевн девнан а, оцу хьолан а мах хадабар Маршо Радионо дийхира ГIалгIайчуьра бусулбачу нехан Ассоциацин куьйгалхочуьнга Абадиев Мусага. Цо иштта элира:
Your browser doesn’t support HTML5
Евкуровн а, Хамхоевн а и цхьанакхетар чекхадаьлча, махкара имамаш, цхьа агIо лаьцна а ца Iаш, шингга а кхайкхам бина- дийцарш а, эладиттанаш а дIаса ца даржийтархьама, цхьаьна болх бахьара аьлла. Амма Евкуров Юнус-Бек шечунна тIера вериг цахиларо сагаттдойту нахе. ГIалгIайн махкара бусулба нехан Ассоциацин куьйгалхочуьнна Абадиев Мусан шеко яц, Хамхоев юхьарлацаран бахьана, цо Iедалх йозуш йоцуш, дIахьочу политикаца доьзна хилар.
Your browser doesn’t support HTML5
ХIокху шеран аьхкан Несар-гIаларчу маьждигехь латар хиллера. Цу чу Рузба дан гулбелла нах бекъабеллера имаман Чумаков Хьамзатан а, муфтин Хамхоев Iийсан а агIонаш а лаьцна. Рузба ша дойтур ду, аьлла, цига хьалхавала гIоьртина муфти араваьккхира, цуьнан гIаролхошна етта а етташ. Цхьаболучара иза тидира, муфтин питана санна. Ма дарра долу сурт кхечу агIора дара, бохуш, кхин дIа а дийцира Абадиев Мусас.
Your browser doesn’t support HTML5
ГIалгIайн мехкан муфтигара, хиллачун хьокъехь комментари эца аьтто ца белира Маршо Радион. Официала сайт тIехь дIахьедар ду Хамхоев Iийсан цIарх. Цу тIехь цо емалдо, динан цхьацца агIо а лаьцна, юьстахо лаьтташ, дайша лелийна дин харцдечу тобанна дуьхьал ву ша аьлла. Iедалша, цаьрца къийсам латточу меттана, царна алап ду хIоттийна. Уьш тахана совца ца бахь, кхана-лама цIий Iана мега, аьлла тидам бина ГIалгIайн мехкан куьйгалхочунца къийсаме ваьллачу муфтис.