Кадыров хастийна Путина

Кадыров Рамзана Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан даржехь дийриг эвсаррала йолуш ду аьлла, дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. И шен дIахьедар дина цо Ставрополехь «Оьрсийчоьнан халкъан фронтан» форумехь вистхуьлуш.

«Цигахь бехачу наха дина иза, хьалхарчу президентана баркалла, хIинца волчу куьйгалхочунна баркалла, эвсараллица болх беш ву иза», - бохуш вара Оьрсийчоьнан президент.