Human Rights Watch саготта ю адамийн бакъонаш ларъярехь дуьненчохь хIоьттинчу хьолана

Human Rights Watch дуьненаюкъарчу адамийн бакъонашкахула йолчу организацино кхайкхам бина терроризмаца къийсам дIахьо бохуш а, мигранташ баржаран кхерам бу бохуш а адамийн бакъонаш йохор сацаде аьлла. Цу организацино кечдинчу рапорта тIехь дуьйцуш ду, дукхах йолчу пачхьалкхийн аьтто цаболу оьшуш йолу гIулчаш яха исламофоби а, расизм а, цхьацца кхерамаш а баржарна дуьхьало ян аьлла.

Бакъоналаръяроша дийцарехь, Iамеркехь а, Британехь а, Францехь а Iедалша алсамдаьккхина неха доьзалшкарчу дахарна терго яр. Human Rights Watch рапорт тIехь дуьйцуш ду Оьрсийчохь а, Китайхь а, Туркойчохь а бахархойн юкъараллина а, бозуш боцучу зорбанан гIирсашна а Iедалша Iаткъам беш хиларх лаьцна.

Оьрсийчохь демократин институташна тIелатар дар дIадоьдуш долу 4 шо ду, амма 2015 шо цу агIор уггаре а маьттаза дара, бохуш билгалдоккху Human Rights Watch-о.