Къилбаседа Кавказерчу куьйгалхоша марсабаьккхина салафиян боламна дуьхьал пачхьалкхехь ишта а лаьтташ болу къовсам.
Амма ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-бека декхарево шен мехкан муфти, тарикъатхо, Хамхоев Iиса дарж дита.
Ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Хамхоев Iисан агIо лоьцу.
Дагестанехь а дерзийна Iедало кху муьрехь къаьсттинчу тергоне салафиташа ламазаш ден маьждигаш.
Бакъду, салафийан боламца къийсам Оьрсийчоьно латтабен дуккха а шераш ду. Шо хьалха Нохчийчоьнан телевизионаша гайтира Кадыров Рамзана Динан урхаллин а, полисхойн а векалшца салафийан хьокъехь а хилла цхьанакхетар.
ХIетахь дIахьедира Кадыровс, «еха мажош а лелош, хечин чудерзйина когаш а долуш, телефончохь оцу шайтIанийн хьехамаш лелораш ду шайтIанаш. И нах леца а беза, къинхетамзаллица набахтешка хьийсон а беза.
Ас билгалдаьккхинчу хотIца кегийнах маьI-маIIехь бу, хIора кIоштахь, гIалахь. Хьуьнхахь лехна а ца Iаш, маьждигашкахь а леха уьш».
ГIалгIайчохь ягарло 70 бусулба юкъараллаш. Царалахь 60 суфийн ю, ткъа уьш ерраш а мехкан муфтиятан олаллехьа ю. Бухайисина 10 Динан урхаллин структурица йоьзна яц, коьртачу декъанна уьш лору махкахь салафийан.
ГIалгIайчохь, Нохчийчохь а санна, муфтиятан урхаллехь лаьттарш тIарикъатан векалш бу.
Карарачу хенахь тIарикъатхоша къаьсттина гезваха волийна Чумаков Хьамзат салафийан лидер лору цара.
2008-чу шарахь дуьйна шен дай баьхначу Несар-Коьртахь маьждиган имам ву Чумаков.
Ерриг а Къилбаседа Кавказерчу суфийн тIаьхьалонан доладан гIерташ, жигаралла совъяккхина хьийзачу Кадыров Рамзана гамо лаьцна цуьнца.
Чиллан-беттан юьххьехь Соьлж-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь боккха гулам хилира Нохчийчуьра, ГIалгIайчуьра, Дагестанера Накъшбандин, Къадарин тIарикъатхойн.
Цигахь дакъалецира Кадыров Рамзана а, муфтис Межиев Салахьа а, ГIалгIайчоьнан муфтис Хамхоев Iисас а, Къадарийн тIарикъатан устаза Белхороев ИбрахIима а, регионан имамаша, иштта кхиболчу а суфийн боламийн векалша а.
Гуламо тIеийцира шаьш «вахIабхой» олучу боламна дуьхьал шога резолюци.
Кадыровс а къамелдира цу гуламехь. ОьгIазе дара цуьнан хIора а дош. Хьалхо Чумаков Хьамзат доггах маракъийлинехь а, хIинца гезвоху цо имам.
Your browser doesn’t support HTML5
Кадыров Рамзана дийцира цхьаболчу мехкашкахь, шаьш салафиташ ду бохучу наха гуламаш беш, шайн жамаIаташ а шордеш, бусалбанашна юкъа питанаш туьйсу, аьлла.
Цу хьокъехь Кадыровн хьехамчас Шахидов Адама бовзийтира гулбеллачу вирдан векалшна тIеэцна сацам.
Цу тIехь билгалдаьккхина, Къадарин а, Накъшбандин а тIарикъатийн векалш вахIабизмана дуьхьал хилар. Динан дайшца дага а ца бовлуш,салафийаша шайн лаамехь юкъайоху керла кепаш, и хьал шаьш дохор ду, боху Кадыровс а, цуьнан гоно а, царна тIетовжучу Къилбаседа Кавказерчу тIарикъатхоша а.
Оцу кепехь дIахьединчул тIахьа, Оьрсийчоьнан президенте а, Евкуров Юнус-беке а кехат дахьийтира гIалгIайн 21 Iеламстага.
Кехата тIехь цара доьху Нохчийчоьнан куьйгалхочо дина дIахьедарш тидамеэцар. Билгалдоккху, тIекхуьу чкъор ийманчохь кхиорехь Чумаков Хьамзата доккха дакъа лацар а, цуьнан хьехамаш Iедалца бIостанехьа цахилар а.
Жоп Кремлера кхаьчна а аьлла хезаш хIума дац цкъачунна.
Къаьсттина кхераме лаьтта Дагестанерчу Хаси-Юьртахь юкъаметтигаш тIарикъатхойнний, Iедаланний, салафийан жамаIатний юкъахь.
«Кьилбаседа» олучу маьждигехь гулло меттигера салафийташ. ГIуран-баттахь лаьцнера цу маьждиган имам, герз лелорна бехке а вина. «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанна тIекарло ярна а вира иза бехке.
Ткъа имамам агIончаша бакъ ца до шайн хьалханча ДАIИШ-ца уьйрашкахь хилар.
Иттех де хьалха дIакъевлира Хасу-Юьртара и маьждиг, бухе диллира и гIишло йогIа бакъо хилла цахилар, иза ечу хенахь, аьлла.
ГIаличуьра 5 эзар вахархо гулвеллера цул тIаьхьа шахьаран мэрин хьалха, шайн маьждиг харцонца къевлина, цу чохь Далла Iамал ян шаьш дитар доьхуш. Маьждиг схьадиллира.
Ткъа Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бакъ ца дира маьждиг полисхоша къевлина хилар, оцу кIоштахь цхьацца барамаш хиларца къевлинера аьлла.
,Хасу-юьртарчу имамийн кхеташонан декъашхоша ХIинжа-гIалахь шаьш еллачу пресс-конференцешкахь дIахьедина, полисхоша шайн ницкъ тIеберзина кIоштарчу 6 маьждиган имаме даржаш охьадахкийта,аьлла.
Оцу ялх маьждиге лелачийн терахь 12-15 эзар стаге кхочу, бу царалахь къаьсттина кегийрхой.
«Адамаш оьгIазе ду. Массо а кхета веза, Iедало вахIабхойн лору маьждигаш дIакъийлар салафийан проблема хилла ца Iайла», аьлла дIахьедина Нажмудинов Османан цIарахчу маьждиган имама.
Оцу юкъанна ХIинжа-ГIалахь Венгрин бIаьхойн урамехь Дагестанехь уггар доккха лору салафийан маьждиг диллина лаьтта. Цкъачунна, гарехь, дIакъовла ца хIутту Iедал.
ТIаьххьара хаамаш. Кадыров Рамзана дехна Евкуров Юнус-беке имамашна Чумаков Хьамзатна а, Цечоев Iисанна а маьждигашкахь хьехамаш бар дехка, аьлла. Нагахь ГIалгIайчоьнан Iедало цхьа йист ца яккхахь, и сацон шена хала дац, аьлла...