"Миграцин кризис" ю марсайолуш

Шемара мухIажир Австрехь, 2016

Хаддаза Европе схьаоьхучу мухIажарийн хаттаро кхидIа а йоькъуш лаьтта Европа.

Нагахь санна Германин канцлер мухIажарш Малхбузерчу пачхьалкхашлахь бекъа безарна тIехь лаьтташ елахь, цхьа могIа кхечу пачхьалкхаш иза къобал ца деш, шайн дозанашкахь пенош дуттуш, мухIажаршна дуьхьало ен дагахь чIагIлуш ю.

Ишттачех ю Австри а, Венгри а, Чехи а, Полша а. Иштта кIира хьалха Австрин урхалло бинчу тIеIаткъамца, Македонино сацийра шайн махкахула Грецера богIу мухIажарш тIехбийлар.

Цу Iалашонца цу пачхьалкхено дозанехь пен а боьттина, контролан посташ а хIиттийна, некъ бихкира дела денна бIеннашкахь дозане кхочучу мигранташна.

Грецин, Македонин дозанехь Iуьллучу желтойн Идомени цIе йолчу юьртахь карарчу хенахь гулвеллачу масех эзар мухIажаран хьал кхин ца лалучу кепара чолхе ду. Шело а, мацалла а лан деза Iаьнан уггаре а шийлачу муьрехь, карахь кегийра бераш а долуш, тIамах я харцонехь, я къеллах бевдда, Европехь гIолехьа дахар лаха арабевллачу церан.

И хало Iаьткъинчу мухIажарш масех де хьалха, чиллан беттан 29-чохь, шайн ницкъашца доза харца а дина, Македоне дехьа лелха гIоьртира, амма македонскойн полицино бIаьргах хи доуьйтучу газца юхатуьйхира мигрантийн гIаттам.

Идомени юьртахь мухIажаршна Iуналла дечу „Лоьраш доза доцуш“ гIодаран юкъараллин векало Ригас Антониса Дойче Велле агенталле дийцарехь, и чолхе хьал кхин дIа а маьттазчу дер долуш ду, сахьт дац мухIажаршна юккъехь девнаш а, цIий Iанарш а хила, хIунда аьлча кIиранашкахь эрна арахь а я четарш чохь хан йоккхучу нахалахь оьгIазло а IаьIаш хиларна.

Амма гIодаран юкъараллин мохьбеттар ца хезаш санна дуьту дукхахйолчу Евробертана юккъерчу пачхьалкхаш, цара, хетарехь, сатуьйсу, шайна ла ца даллал хала хьелаш кхоьллича, мухIажарш цкъа мацца а совтIех гIелбелла, шаьш схьабаьхкинчу Шема я Иракъе я ОвхIане юхагIур хиларе.

Амма и нах, Евроберто хIуъу дахь а, иштта цу кепара юхабоьрзалур бац аьлла тешна ю Австрерчу „Флюхтлинге Вилкоммен“, аьлча а, „МухIажарш, маьрша догIийла“ цIе йолчу гIодаран юкъараллин белхахо Шустер Петра.

Цо дийцарехь, Европера урхаллаш кхета еза, мигранташ тIедогIучу шерашкахь кхин а алсамох Малхбузен агIор схьаоьхур хиларх, цундела уьш эрна юхатоха гIертачул и нах хьекъалца а, пайденца а тIеэца а, царех Евробертана беркате хин болу бахархой бан а хьажа еза и урхаллаш.

Шустер: „Цу хьолехь дан йиш ерг а, дича нийса хир дерг - иза цу нахана церан новкъахь гIодар ду, царна цхьа керла хиндерг Iалаш а деш. Евробарт юх-юха а кхета ца туьку, адамаш гергарчу хенахь схьаоьхучура соцур ца хиларх, хIунда аьлча церан кхин дийна бисса шансаш яц. И хIума цара тIе ца оьцуш, иза факт хиларх кхета ца лаьа царна“.

ШозлагIа дуьненан тIом дIабаьлча дуьйна цхьа шен гуманитаран принципаш йазйина юьйцуш, ткъа масех шо хьалха ур-атталла шен гуманитаран принципаш бахьана долуш Машаран Нобелан совгIат кисана диллина йолу Евробарт мухIжаршна Малхбузе муха къахьйийра яра-те, и мисканаш муха къахкор бара-те бохуш вовшашлахь девне юьйлучу юкъана, кицанахь ма-аллара, шиннан дов даьлча самукъадолучу кхозлагIчу ролехь нисйелла Оьрсийчоь а, Шеман куьйгалхо а Асад Башар а.

Иза билгалдаьккхира хьастагIа НАТО тIеман альянсан коьртачу буьйранчас, инарло Бридлав Филипа а. Цо дIахьедира, Оьрсийчоьной, Шемин куьйгаллой тIамах уьдучу мискачу нехан баланах Малхбаленна дуьхьалхIоттаден герз дина аьлла. Кремлой, диктаторо Асад Башарий махкахь латточу тIеман Iазапах уьдуш, Европе гIерта бIеннаш эзарнашкахь шемахой, ткъа уьш таро елахь а, яцахь а тIеэца декхаре южу Европа.

Цу юкъана, Германерчу экономикан инсттитутан директоро Хютер Михаэло дIахьедар дина, Европерчу экономикана хи санна оьшуш ду керла белхан куьйгаш, цундела мигрантех Малхбузехь бала боккха пайда бу, аьлла. 20I2-чу шарера 20I5-чу шаре кхаччалца Германехь фабрикашкарчу а, заводашкарчу а белхашкахь къахьоьгучу кхечу мехкашкара тIебаьхкинчу нехан терахь 22 процентана совдаьлла, ткъа могашаллин секторехь 34 процентана лакхдаьлла, элира цо.

И белхахой ца хиллехь карарчу хенахь Германехь немцойн экономикана цу шина декъехь I00 эзар герга говзанчаш боцуш еса лаьтташ белхан меттигаш хир яра аьлла билгал а доккхуш.