Your browser doesn’t support HTML5
ХIинцачул 2-3 кIира хьалха дуьйна юкъараллехь гIара а даьккхина,билгалдаьккхина ду Нохчийчохь мехкан гулам дIахьун болу кху беттан 23-гIа де. И де Iалашо а лаьцна, цунна кечлуш дукха лерина кечамаш бина кхузахь Iедалхоша.
Дикка хьалха рузбанан дийнахь юртдайша, молланаша орца дехнера нахе 23-чу дийнахь шайн дуьхьа Соьлжа гIала гуламе дахкар доьхуш.Цара а,кхечу белхашкахь болчу хьаькамаша а ярташкахь хааме даьккхина м-хиллара,уьш жоьпе бина цхьана бIенна тIера эзарне кхаччал адам гIала кхачо.
Хуучара дийцарехь, кху зазанан беттан 23-чу дийнахь къевлина хила езаш ю туьканаш а,йохкар-эцар еш йолу массо меттигаш. Кхечу агIор аьлча, Iедалдайша динчу тIедахкарийн чот йича,7-8 эзар стаг вехачу юьртара 5-6 эзар вахархо гуламе дIахIотто везаш ву.
Дукхахболчаьрга куьг-язораш а дахкийтина ша а хир ву,хIоккхул юьртахо а валор Соьлжа-гIала аьлла даре дойтуш. Iедалан доьшийлашкахь,хьукхматашкахь бIеннашкахь охьаехкина карлаца баннерш, байракхаш,транспоранташ,адам ир-кара хIитто тIе яздина лозунг –язораш а долуш.
Бакъду, хинболчу гуламна кечам барехь,могIарера нах,Iедалан балхахь бершша-м ирх-пурх, цигахь хила декхарийла барехь бен-бен некъаш карабо кIоштийн куьйгалхошна.Цхьайолчу кIошташкахь балхара дIабахар биста кхаччалц кхерамаш а туьссуш,белхошна омра дечу кепехь декхарш хIиттина уьш гуламехь ца хилча ца бовлуш.
Цу кепара луьра тIедахкарш динчех цхьаъ ю Теркйист кIошт. Дукха Iуьйранна гIиттина Соьлжа гIалин гуламан теш хIитта безарш бу къамелаш деш.
Дустархьама масал далийча,цхьана тайпа луьра тIедахкар-кхерамаш а боцуш, буххера дуьйна а кхин сурт ду,гIантда оьрси волчу Новр гIалин кIоштехь. Беккъа Iедалан белхой боцург цигахь кхиберш,шайн лаамехь бен декхарийла беш дукхаллина гуламе хIитта. Цунна даре до хьехархоша а. Алпатов юьртара ву хьехархо Ваха.
Ваха: «Тхойга директоро дIа а гулдина гIала гуламе ца дахча ца довлу аьлла, масех де хьалха. Шаьш доцуш кхин нах балабе,бераш дига бохуш къамелаш сунна-м ца хезна…»
Кху зазанан беттан 23-чу дийнахь бахархой лаамца,лаамза а Соьлжа гIала гуламе дIаозарх тайп-тайпанчу кIошташкахь бен-бен сурт тергалдаларх дуьйцуш теркйист кIоштан Лаха-Неврера яхархо Хьава.
Хьава: « Тхан кIоштехь дерг кхечанхьа хуьлчух тера а дац. ХIара-м вала де ду! Сан кхин 23-чу дийнахь шеца митинге вига гергарчех итт стаг а дIа а язвина Iаш ю-кх. Ши-кхо машен лаца а еза,царна некъана ахча каро а деза. Ишта декхарийла бина кхиболу Iедалан белхой а. Эцца Теркал дехьа,тхан луларчу кIоштехь-м дац и аьттехьа а. Хьехархой а.лоьраш а ,кхиберш а –шаьш боьду. Цаьрга цхьа валаве а ца боху,неъана харж е а ца боху…»
Чот йоцуш дукха адам а хьадеш, референдум даехьначу дийнан сий-лерамна вовшахтухуш болу мехкан гулам,официалан гIардаккхарехь, цуггар хьалха дIабахьа дагадеънарг Нохчийчоьнан профсоюзийн Кхеташо ю. Церан беркатечу,мехалчу лаам дахаре берзош,царна гIо деш бу урхаллехь берш.